ТIекхочийла долу линкаш

Кхераме кир эцна воьду францхо лаьцна украинахоша


Парижехь терроран тIелатар дича, Лахьан-бутт, 15, 2015

Парижехь терроран тIелатар дича, Лахьан-бутт, 15, 2015

Украинан дозанхоша бакъдо хаамийн гIирсашкахула, шаьш францхо лаьцна герзаца а, лелха коьчалшца а, и кхераме гIирс рогIехь Францехь зуламдан вовшахтоьхна а хилла, аьлла. Ткъа лаьцна и стаг бахначу беттан тIаьххьарчу деношкахь. Францойн М6 телевизионо пIераскана бинчу хаамца, украинахоша лаьцначун машенчохь карийна герз алссам ду, Калашников автомат а йолуш.

Украинан дозанхойн векало Слободян Олега шоьтадийнахь бакъдира иштта стаг лаьцна хилар. Ткъа Украинан кхерамзаллин урхаллан пресс-гIоьнчаша ца елира журналисташна цхьа а комментари. Рейтерсо бахарехь, францхо хIинца а Украинан карахь ву Парижо иза дIавеххалц йолчу ханна.

Ткъа Францин полицино информаци кхело листа езаш ду юхьанца, аьлла. Парижехь а , Брюсселехь а лелхийтарш а деш, 150 сов маьрша вахархо вийначу заманахь дуьйна сема ю Европера кхерамзаллин хьукматаш.

XS
SM
MD
LG