ТIекхочийла долу линкаш

Деххачу шерашкахь Паркинсон цамгарца къийсавелла боксан охIла, гоьваьлла спортхо, адамаллица къаьсташ хилла волу Мохьаммад Iали кхелхина хилар бакъдина шоьтадийнахь.

74 шо дара бусалба дин тIеэцначу цуьнан. Цхьа ца Iийначу хенахь боксер Iийна а, дуьненна вуно дукха везаш а хилла волу Мохьаммад Iали 20-чу бIешеран турпал санна вевзара. Иза дуьххьара вара дуьненан чемпион цIе кхузза яьккхина.

Ша къона волуш дуьйна а расизм емалъеш а, Вьетнамерчу тIамна а дуьхьал вара иза. Шен спортан оьмарехь дуккха а политикашца, дуьненан лидершца гергарлонаш лелийна, Iамеркан Штатийн муьлххачу а гIалахь а, юьртахь вевзаш стаг а вара иза. Боксера дIавахара 1981шарахь, Паркинсонан лазар лайра Мохьаммад Iалис 3 шарахь.

XS
SM
MD
LG