ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпиаде баха тарлучу нохчийн атлетийн терахь кхуьуш ду


Охьатохарх латар
Охьатохарх латар

Тахана Оьрсийчоьнан Греко-Роман охьатохарх латарехула чемпионатан шолгIа де дара Соьлжа-гIалахь. Хууш ма-хиллара, селхана шина нохчочо толам баьккхинера - Албиев Ислам-Бека а, Магамадов Илесо а.

Тахана 66 кийла дегIан йозаллехь леташ волу Лабазанов ИбрехIамин каелира дашон мидал яккха. Финалехь 2:2 жамI хиллехь а, тIаьхьара толаман бал ИбрехIима баккхарна, цуьнгахь толам болуш йирзира и финал. Цо финалехь эшийнарг Марянан Степан вара.

Мидалш йоцуш бисира нохчийн охьатохарх латархой 85 кийла дегIан йозаллехь. Чакветадза Давитах хилира толамхо, Мишин Алексей финалехь эша а вина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG