ТIекхочийла долу линкаш

Немцойн „Югендамт“ боху дош, нохчийн маттахь аьлча берийн хьукмат, немцойн мотт лелачу пачхьалкхашкахь, уггаре а хьалха, Германехь а, Австрехь а, хетарехь, цигахь бехачу нохчашлахь уггаре гома а, кхераме а ларалуш долчех ду, вайнахана юккъехь цунах лаьцна дуьйцучу инзаречу дийцаршца а, мифашца а, эладиттанашца а дуьстича „кхел“, „къайлаха сервис“ а, ур-атталла кегирхошна дика девзаш долу „крипо“, аьлча а, „криминала полици“ боху дош а дицдеш. Муьлхачу а Европехь нисвеллачу вайнехан стагана я зудчунна, хетарехь, иттанашкахь девза нохчийн доьзалшкара югендамто харцонца бераш дIадахарх долу дийцарш, цара берашка ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а хеттамаш барх, цара бераш дай-наношна дуьхьал дохуш хиларх, цара царна „шун хIара а, хIара а бакъонаш ю“ бохуш, хьашт мел доцург Iамадарх лаьцна. Цхьаболчара-м и югендаматаш лерина нохчийн доьзалшкара бераш схьатаха Iалашонца лелаш ю бохуш чIагIдо, вукхара уьш хиллане а бусулба доьзалкашарчу берашна тIаьхьаевлла ю олу.

Ма-дарра хууш цхьа а вац, хIунда аьлча, муьлхачу къомахчу доьзалшкара мел бераш Iедало схьадаьхна, я Iуналла дан кхечу дай-наношка дIаделла я цхьана ханна шайн „кризисан центраш“ олучу кхерчашкахь лелош ду бохучух лаьцна статистика еш яц, я елахь, иза зорбане йоккхуш яц меттигерчу Iедало. Къаьхьа бакъдерг ду амма, Германехь а, Австрехь и бохам дуккхаъчу нохчийн доьзалех хьакхабелла хилар. Бакъдерг ду иштта, и югендамташ билгал вуно сема цу мехкашкахь бехачу доьзалшкахь долчу хьолана шайн болчу аьттонашца терго еш хилар, цхьаболчу наха ма-дийцара, бехк-гуьнахь а доцуш дай-наношкара цара бераш схьадоху бохург хиллане а бакъ дацахь а. Терго йо яцара, доьзалехь берашна еттийла хьовсуш, терго йо цара иштта, бераш меца а, боьха а дуй-те бохучунна, амма иштта цу берашна дайша я кхечу доьзална гергарчу, цу чу оьхучу наха маьттаза ницкъ бойтеш бохучунна, -хIунда аьлча, муьлхачу а берашна маьттаза ницкъ бечу педофилийн статистикано гойтуш ма-хиллара, и санна долу боьха зуламаш 60-70 процентана я цу берийн дайша, вежарша, де-ненан вежарша, я кхечу цу доьзале хIуьттучу гергарчу наха я, доттагIаша а лелош хиларна. И санна долу зулам цхьана берана дуьхьал дина хилар гIардаьлча, уггаре а хьалха Iедало а, хаамийн гIирсаша а, юкъаралло а юхьаралоцуш берш югендамтан белхахой бу, уьш мича хьоьжуш хилла, царна хIунда ца хиина, олий. Цундела а дукхахчу хьелашкахь совтIеха тидам бан гIерта цу хьукматан белхахой, кIеззиг бина Iачул.

Амма муха нисло -те югендамт боху хIукмат банне а цхьана доьзална тидам бан йолаялар? Эзарнаш кхинарш доьзалш цкъа а и хьукмат дуьненчохь хилар а дага а ца догIуш церан кхерамах а, тидамах а маьрша бехаш хилча? ХIун дан деза-те Европехь бехачу вайнаха, шаьшна цу хьукматера бала ца балийта? Муха лардала йиш ю да-нана, шайн доьзална берийн хьукмат бахьана долуш цатам баларх? Вуно лазаме хеттарш ду уьш вайнахана, царах дукхахболчарна меттигера берийн бакъонех долу низам ца довзарна, шайн доьзалера бер дIадаьккхича, шайгара даьлларг хIун ду бохучух уьш ца кхетарна а. И дерриге а тидаме а эцна а, „Австрерчу нохчийн нанойн маша“, немцойн маттахь „Netzwerk tschetschenischer Mütter in Österreich“ цIе йолчу юкъаралло зазадоккху баттахь а, мангал баттахь а цхьа могIа семинарш а, цхьаьнакхетарш а вовшахтуьйхира нохчийн зударшна Венерчу берийн бакъонашларйаран хьукматца, югендамах йозуш а йоцуш, мелхо а, цхьаццадолчу хьелашкахь доьзалшна а, югендамтана а юккъехь а лаьтташ, берийн обмудсменийн болх бечу. Цу хьукматан белхахоша Зайгири Мартинас а, Шульц Иренас а деталашкахь дийцира гуллбеллачу нохчийн наношна, Австрехь берийн бакъонах низамца долчух а, доьзалан барт а, Iер-дахар а ца дохадайта яха йиш йолчу гIулчанех а лаьцна.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра „Австрерчу нохчийн нанойн маша“ юкъараллин декъашхо йолу Ташухаджиева Зарган а. Маршо радионе цо дийцира, цхьаьнакхетараллин чулацамах а, Iалашонех а лаьцна.

Ташухаджиева Зарган: „Тахана шозлагIа даьхкина дара тхо кху семинаре. Тхайна кхузахь кхаьчна йолу информаци вуно пайдехьа хета суна. Вай кху хийрачу махкахь, кхечу пачхьалкхахь Iаш хилар, кху мехкан низамаш вайна ца хаар бахьана долуш хийла бохамаш а, проблемаш а хуьлу вайна. ТIаккха доьзалера бераш дIадохуш а нисло. Кхузахь цунах лаьцна дуккхаъ пайдехьа хьехамаш а би тхуна, дуккхаъ тхуна ца девзаш долу хIумнаш а довзийти тхуна“.

Австрехь бехачу нохчийн доьзалийн дай-нанойн, къаьстина немцойн маттаца уьш онда бацахь, коьртачех проблема ю, царна меттигерчу низамийн башхаллаш ца йовзарна, царна нохчийн амалшца шаьш Iемина ма-хиллара, бер кхетош-кхиочу хенахь шаьш цунна тоьхча я кIоршаме дов дича, иза низамца дихкина дуйла ца хууш хилар бохуш дуьйцу Ташухаджиева Заргана кхин дIа а, хIунда аьлча, там бу дас-нанас пайдабоцу дов дар лоруш долу хIума меттигерчу низамийн кхетамца, цу берана синан ницкъ бар санна туда.

Ташухаджиева Зарган: „Хийла нисло, бехк боцуш я ларамаза Iедалан берийн хьукматан белхахошна нохчийн доьзалехь долчу хьолан харц сурт гуш. Масала, нагахь санна цхьаммо арз дина я берана ницкъ бой-те аьлла кхечу хьостанера шеко кхоллаелла хьал хилча, югендамтан белхахоша цкъа хьалха масех баттахь шен тергонехь латтабо и доьзал. Цу хьукматан белхахоша, доьзале а боьлхуш, цигахь долу хьал а, доьзалхойн а, ден-ненан а юкъаметтигаш тергалйо. Цул тIаьхьа шайн гинчух цара рапорт яздо, цу хIусмера атмосфера а, марзо а, къепе а муха ю бохчух лаьцна. Амма царна ца хаьа, масала, нохчийн Iадаташца дас-нанас, амма къаьстина дайша хийра нах хьалха а болуш шайн бераш хьастар гIиллакхехь доцийла. И ца хаар бахьана долуш хийла нисло югендамтан белхахочуо цу доьзалехь марзо кIеззиг ю, ден-ненан шайн берашца эмоционале шело ю аьлла рапортехь яздеш. Ташухаджиева Зарганна хетарехь, хIинца „Австрерчу нохчийн нанойн маша“ юкъаралло кечйинарш санна семинарш а, цхьаьнакхетарш а алсам дахаро меттигерчу хьукматхошкара и санна болу цакхетамаш дIабохур бара.

Ташухаджиева Зарган: „ХIара санна долу цхьаьнакхетарш кхин а алсамох хилча, кхарна вай а девзар дара, вайн гIиллакхаш а, Iадаташ. Вайн къоман гIиллакхашца ца догIуш дуккхаъ хIумнаш ма дуй, хIара меттигера нах я Iедалан белхахой ца кхеташ а, царна ца хууш а. Цундела царна вайн Iадаташ а, гIиллакхаш а довзийта деза вай“.

Венерчу берийн бакъонашларйархоша масех сарахь деталашкахь жоьпаш делира нохчийн зударийн берийн а, доьзалийн а хьокъехь шайга хIиттийначу хеттаршна. Ткъа и хеттарш Австрехь хийла бераш югендамтехула шайгара дIадаьхна болу нохчийн доьзалш дукха хиларна, вуно шортта IаьIнера. Гуьйранна, мангал баттахь дуьйна, гулбеллачийн лаамца и санна йолу семинарш а, кхечу нохчийн диаспорина лазаме а, мехала а йолчу теманашна лерина, кхин дIа а хьур йолуш ю „Netzwerk tschetschenischer Mütter in Österreich“ цIе йолчу нанойн цхьаьнакхетаралло.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG