ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Монреалехь тоьлла Бетербиев а, Далхаев а


Бетербиев Артур
Бетербиев Артур

Шоьтан дийнахь ши нохчо-боксёр тоьлла Канадерчу Монреалехь. 31 шо долу Бетербиев Артур чов бахьанехь латаза шо хан яьллера. Шоьтан сарахь летачу цо кхоалгIачу раундехь кхузза вожийра шен ринган мостагI Эсекьель Мадерна.

ЙоьалгIа раунд йолаелла минот ялале, кхин а шозза охьавожийна хилла Мадерна кхидIа лата ца велла, толам баьккхира Артура. Монреалера хIара толам итталгIа бу Артуран профессионалан карьерехь. Ала догIу, иза цкъа а ца ваьлла рингал ара нокаут шеца летачунна ца еш.

Цу буса летта кхин цхьа нохчийн боксёро Далхаев Висхана эшийра Ксавьер Франк. И толам суьдхойн сацамца баьккхира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG