ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кореян зарратан программах «бахьана дойла дац цигарчу регионехь тIеман-политикан баланс хийцархьама ракеташна дуьхьал турс доккху программа яржон», аьлла, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка дIахьедар дахьийтина Оьрсийчоьно.

Сингапурехь кIирандийнахь кхерамзаллин кхеташо йоьдучохь элира иза Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсо Антонов Анатолийс. «Цхьана пачхьалкхо кхечу кхечу пачхьалкхийн чоьтах шена кхерамзалла кхоллар кхераме ду», - бохура буьйранчас. Ракеташна дуьхьал турсаш хIитторна Кремл дуьхьал яц, амма Iамерко дага а ца йолуш бо и болх, бохура Антоновс.

XS
SM
MD
LG