ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Къоман Юкъараллан Радион журналист Гилкей Дэвид, цуьнан гочдархо Таманна Забихулла вийна кIирандийнахь ОвхIанистанехь. И хаам баржийна Радион зорбан сервисо. Цара бахарехь, Гилкей а, Таманна а белхан тIедилларш кхочушдархьама ОвхIанистанан тIеман декъашца цхьана дехьабовлучу хенахь тоьпаш еттачу кIел нисбелла. Бохам хилла Марджа гIалин кIоштахь Гилмендехь.

Радион вице-президента Орескес Майкла тоьшалла дарехь, Гилкей Дэвид Иракъерчу а, ОвхIанистарнерчу а тIемашкара хьелаш суьрташкахь, видеошкахь а довзуьйтуш вара. «Дика стаг вара иза, гондхьарчу адамашца тергаме а», билгалдоккху Радион вице-президента. 50 шо дара Гилкейн. Цуьнан дуккхаъчу совгIаташлахь ду Полк Джорджан цIарх сий долу совгIат, 2015-чу шарахь Iамеркан деза «Эмми» совгIат а динера цунна.

Гилкейн гочдархочун Таманна Забихуллан 38 шо хилла. Иза фрилансер а, суьрташдахархо а, Китайрчу «Синьхуа», Туркойчуьрчу «Анадолу» хаамийн агенталлийн репортер вара. Журналисташ ларбаран Комитетан талламашца, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа ОвхIанистанехь тIеман операци йолийчхьана верриг цигахь вийнарг 26 журналист ву.

XS
SM
MD
LG