ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Димашкъехь сагIа доккху Кадыровс


Сийлахь безачу мархийн баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан лерина ву Шемарчу Димашкъан бахархошлахь сагIа даккха. Кадыров Ахьмадан цIархчу фондо шена тIе лаьцна харж. Нохчийн волонтераша денна бахархошна боькъур бу кхача. Дийнна баттана лерина ю и акци.

ВКонтакте социалан машанехь Кадыровс яздо: «ХIора Iуьйранна марха лацале 5 эзар стагна кхачор бу Iуьйкъанна марха лоцуш а, суьйранна дохош а баа бовха къача». Юург дIасалур ю школашкахь, дарбанан цIеношкахь, мухIажирийн куппашкахь а.

Хьалхо зорбанехь шуьйрра дуьйцура Африкерчу мискачу нахана гIо дарца, Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Дерригдуьненан кхачанан программан декъашхо хIоьттина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу фонд, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG