ТIекхочийла долу линкаш

Хууш ма-хиллара шолгIа кIира доладелла Оьрсийчоьнан Къилба Седера шахьар ларалучу Петарбухехь цхьана тIайна Кадыров воккхачуьнан цIе тилла магош топономин комиссино биначу сацамна гонах йоккха гIовгIа лаьтта.

Цхьаболчара, дуьненахь а дика бевзачу похIма долчу наха, цу кепара цIе тиллар маггане а мегар доцуш, ойла ца еш, кIорге йоцуш бина сацам лору, кхечара къобалдо топономин говзанчаша, Кадыровн воккхачуьнан цIе, гуттаренна а дагалецамехь йита Iалашонца хьалхататтар.

МогIарера бахархой боцуш, цу сацамна дуьхьалболчарлахь кIезиг бац пачхьалкхехь дика бевзаш болу цIарна цIе яхана кхоллараллин белхахой а.

Масала, режиссер Сокуров Александар а, актер Басилашвили Олег а. Ткъа Петарбухехь коммустийн партин цIарх депутат волчу Воронцов Алексейн кхин хьажам бу.

Цунна гергахь Кадыров Ахьмад доьналла долуш къонах а, кIорге йолу философ а хилла.

Цуьнца цхьана цуьнан цIе тиллар гIалат лоруш болам а бу Петарбухехь дIахьуш, куьг язораш гулдеш. Официалан кхайкхорца 80 эзарнал сов даьлла цуьнан цIарх шайн гIалахь тIай хилийта лууш боцчийн терахь.

Ткъа Нохчийчохь йоккха гIовгIа а йоккхуш дийцаре даьккхинарг ду Пачхьалкхан Думан депутата, коммунистийн партин куьйгалхойх цхьаъ волчу Рашкин Валерис Facebook интернет машанехь дина дIахьедар.

«Нохчийн республикан векалшка дехар ду сан Соьлжа гIалахь цхьана тIайна я гIала чувуллучохь йолчу арка олучу нартолна оьрсийн цхьана турпалхочун цIе тиллар. Масала, инарла Ермоловн сий-лерамна».

Цуьрриг харц хир дац и дIахьедар тахана махкахь уггар шуьйра дийцаре дечех цхьаъ ду аьлча. Жимма а истори евзачара вуно чIогIа нажжаз деш ду депутато Ермолов хьехош хамме даьккхина йоза-дIахьедар.

Дукхахболчара иза къаьмнашна юкъара барт эгIош, цим таса, хIуьттаренна, Ермоловс Кавказан къаьмнашна доза доцу къизалла гайтина хилар сов шера хуъушехь юкъадаьккхина хIума лору.

«Иза дараш хьесапе ца оьцуш, жима-воккха, зударий-бераш ца къестош, адам хIаллакдеш чекхваьлла Iазапхо хила. Шен цIе хьахор а къилахь долуш Iоврашкахь цIий Iанийна чалтач хилла иза Кавказан къаьмнашна».

Герггарчу барамехь ишта хьажам бу цуьнан васте могIарерчу нехан. Царех ву Соьлжа гIалара вахархо Хаваж а.

Хаваж: «Питане хIума ду цу депутато юьхьарлаьцнарг. Иза, суна хетарехь, нохчашний, оьрсашний юкъара барт эгIо гIерташ ву».

Кадыров воккханиг Оьрсичохь къобал а вина, президенто а хастаме валхош, шен цIарх, Москвахь а тIехь, урам а болуш турпалхо ву.

Ткъа оцу депутато дуьйцург питане, вайнахана истории вуно чIогIа лазаме карлайоккхуш, гIайгIане хIума ду. Цу тIера долийра шен къамел бизнесхочо Лорсанов Лечас.

Леча: «Ахьмад - Хьаьжа Кремлехь а, Оьрсийчохь а къобал а веш турпалхо ву. Ткъехь шо хьалха Оьрсийчохь хилларг къаьхьаде ма-дара. Оьрсаша шаьш а даре ма до Кадыровс юхучуьра хьалхаяьккхина Оьрсийчоь бохуш.

Цундела цуьнан цIе тиллар тамаш бан хIума ма дац. Оьрсашна шайна а Ермолов мила ву а ма ца хаьа, историкашний бен. Вайнехан оьрсий хьокъехь цабезам кийра боьллинарг уггар хьалха изза Ермолов ма ву. Нохчий гIиллакх-Iадатех, оьздангаллех, нохчаллех боха а беш, вочу хIумане марз ца бахь къарлур бац баьхнарг ву-кх Ермолов. И депутат нахана зуламна араваьлла ву-кх.»

Дукхахболчара кхеторехь,инарла Ермолов цIе тилла йогIу Соьлжа гIаларчу цхьана урамна я арка-нартолна аьлла, Пачхьалкхеххь думехь волчу коммунисто-депутата долийнарг, ерзанза, зийзаш лаьттачу чевнна тIера кIомар ахкар санна, зуламе, хьашдоцуш Iорабаьккхина, челакха хьажам лору дуккха наха.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG