ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда

Ирсан бIарлагIа

бовхачу малхах а
шийлачу мохах а
догIанан делхарх а
адамийн хьогIах а

воьдучуьн хьажарах
вогIучуьн къажарах
цхьаволчуьн безамах
вукхуьн цабезамах

хьогачуьн хьогаллах
вуьзначуьн мукъаллах
стаг воцчуьн "стогаллах"
ойланийн юькъаллах

безачийн безамах
бевзачийн хьежамах
мостагIчуьн лехамах
доттагIчуьн тешамах

кураллин дегаллах
лаамийн шегхьаллах
хьайн деган кхардамах
хьекъалан сардамах

ахь са мел тийсинчу
кхочуш ца хиллачух
йисина бIарлагIа
лерина ларъелахь...

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG