ТIекхочийла долу линкаш


Батаева Хеда

Харцонан бакъонаш

Кеманаш, шаьш дийриг дина,
ДIадаха шайн аэродроме,
Вала мел ца везарг вийна,
Амал зуьйш кху нохчийн къоман.

Аганахь беро мохь бетта,
Мохь бетта Iуьллучу докъо:
-Хьан боху лелаш ю лаьттахь
Маьрша нах ца байъа бакъо?!

Хьан боху и ларъеш нах бу,
Само еш бехк боцург верна?
Хьан боху шина шайннал мах бу
Цара мел дуьйцучуьн эрна?

Мичхьа ю и конституцеш
Ларйийраш адамийн бакъо?
Бакъо ю тангIалкхаш юца-м,
Бакъо ю доь дайъа докъан,

Цабезам-ачо ю аьлла,
ХIаллакдан шайн доцу мехкаш.
Ткъа нийсо-м Iуьллу, йиш хаьлла,
Луъучо бага дIайоьхкуш.

Бакъо ю, барт бохош, декъа,
ЦIерш тоьхкуш, сийсаздан къаьмнаш.
Моьттур ду Нохчийчохь деккъа
Тротилах дуьзна ду лаьмнаш.

Бакъо ю, лами беш даржан,
Гаренгаш адамех йотта,
Кхечарах питана даржон
Шайчеран схьадаха кортош.

Хьалаолла кхечеран паччахь,
Доь доцуш докъаза вайъа,
Хьоь олуш: " ВорхIе дайн марчох
Йие, хьайна са дезахь, байракх."

Кеманаш, шаьш дийриг дина,
ДIадаха шайн аэродроме,
"Кхелахой" "цIийлахь дог" диъна,
Хьовсуш бу десертан чоме...

2007

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

XS
SM
MD
LG