ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кертахь тезет латтахь а, дIахадае газ!"


Кху деношкахь мохь-орца лаьтта Нохчийчохь, марханаш лаца кечамаш шаьш бечу муьрехь, Iедало лаахь а, ца лаахь а ягийначу газах мах охьабилла бохуш, хьийзадо шаьш бохуш.

Дуккха а тоьшаллаш даьржина коммуналан хьукматаша шаьш нехан газ, серло дIахадочу юкъанна бухарчу доьзалан хьал а ца лоьруш, къиза хьийзаш.

Вотс аппехь кар-кара оьцуш яьржина лела махкарчу баккхий хьаькамашна сужданехь вехачу куьйгалхочо шен белхахошна, уьш адамашца кIеда хиларна дов а деш, муха бан беза болх хьоьхуш.

Халкъалахь оцу хьаькамах Газан Гитлер ала долийна. Видео а кечйина Ютюбехь.

​Видео яьржина хан а ялале, нанас дов дина боху шен кIантана, Газан Гитлерна, цо нах хьийзорна реза йоцуш.

Иштта ду Газан Гитлеран дохковалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG