ТIекхочийла долу линкаш

Синбахамаллина оьшу спортана санна тидам


Соьлж-гIалара гIазкхийн театр. 2015

Соьлж-гIалара гIазкхийн театр. 2015


Мухьаммад Iали валар инзаречу халахетарца тIеэцна дерриг дуьнено. Веза а, лара а хьакъ волуш стаг вара Мухьаммад Iали. Нохчийчохь Мухьаммад Iали мила ву ца хууш стаг хир вац. Иза везаш, иза бусалба хиларна дозалла деш дукха а нохчийн бара. И валар юьстах ца дисина Кадыров Рамзан тидамна а. Цо кадамбеш, дIахаитина шен инстаграм агIонна тIехь ша Нохчийчохь Мухьаммад Iалин цIарах спортан центр а йийр ю, урамана цIе а туьллур ю аьлла.

Цуьнан цIарах спорт центр кхоллар дика кхаъ бу Нохчийчуьрчу кегийчу нахана. Амма Нохчийчохь спортезархошна кхоьллина дуккха аьттонаш бу спорт лело: тахана а хIора дийнахь аьлча санна схьайоьллуш ю керла спортан центраш. Нохчийчуьрчу Iедало динчу дIахьедаршца, йолчарна тIе а, хоккейх а, воллейболах а ловза яккхий центраш а ю кеста хьалайийр йолуш. Вуьшта аьлча, спортезорхойн къоьлла яц тахана шайн спортанца йолу юкъаметтиг, цуьнга болу безам кхио. Делахь а, дахар деккъа цхьана спортах лаьттина ца Iан.

Муьлххачу а юкъаралло ша хьакъ долу меттиг дIалаца дуьненан Iилма а, синбахамалла а кхиайо, царна оьшуш хьелаш кхуллу. Iилманчаш кIеззиг хилча, цу мехкан экономик ледара хуьлу, ткъа синбахамаллин говзанчаш юкъараллехь ца хилча, цу юкъараллин цхьанна а кепара кхиор ца хуьлу, я дуьненахь цуьнга ларам ца хуьлу. Таханлера синбахамаллехь долу хьал довза сан къамел хилира къоман Муслим Магомаеван цIарах музыкан школехь методист болхбечу Эмилица. И школа схьайиллина ши шо герга хан ю. 8 шайчух тера школа юйла хаийтира цо соьга. Шен школан Iалашо а йовзийтира Эмилис.

Асар долуш дийцира Эмилис кхидIа а шайн дешархойн кхиамех. Тхан а самукъаделира нохчашлахь похIмаллин бераш дуй хиича.

ТIамо доккха зе дина Нохчийчуьрчу синбахамаллина. Тайпа-тайпана ишколийн гIишлош хIаллакйина, цул сов, доккха зеделларг долу цу кхерчашкахь болхбина хилла хьехархой дIабахана вайн махкара кхечу шайна бегIийла хетачу. Керла говзанчаш кхио шортта хан оьшу. Цу халонех а лаьцна дийцира Эмилис.

Эмилин къамеле ладоьгIча хаало Нохчийчохь синбахамалла кхиош, даггара болхбеш говзанчаш буйла а, дукха а похIма долу кегирхой буйла а. Шеко яц, спортсменашна шайн похIма кхио Нохчийчохь кхерчаш ма-ярра, царна аьттона консерваториш а, университеташ а йича, Олимпиадашка а, ЮФСи а кхаьчча ца Iаш, вайн кегирхой Ласкала а кхочург хиларх. Философаш, композиторш, Iилманчаш, музыкан говзанчаш боцу къам айпе хета кхузаманахьлерчу къаьмнашна. Ткъа тоьлла спортсменаш кхио кхерчаш вайн махкахь, ша Мусина гIожмаш санна, дукха елахь а, къоман сий кхин а лекхачу тIегIане доккхур долчарна Iедало бе тидам ца даьлла бен беш санна хета.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG