ТIекхочийла долу линкаш

Клинтон Хиллари тоъал делегаташа къобалйина Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хир болчу харжамашкахь демократашкахьара Президентан дарж къовса. Iамеркан хаамийн гIирсаша бечу хаамашца Клинтон а, Трампан а цхьана тера аьтто бу президентан харжамашкахь толам баккха. Цхьайолчу рапорташца, Президент Обама Барак кечлуш ву Клинтон Хиллари уггар тоьлла демократийн кандидат ю аьлла къобалъеш дIахьедар дан.

Клинтонан аг1онехь таханлерчу дийнахь ши эзар кхо б1е везткъе кхоъ делегат ву. И делегаташ тоъал хетало иза демократашкара Президентан дарже кандидат хилийтархьама. Ткъа шолг1а демократийн кандидат Сандерс Джордж реза вац ша эшна бохучунна. Цо шен хIинца а аьтто бу боху демократашкахьара Президентан харжамашкахь дакъалаца.

Президентан харжамийн жамI хаа хIинца а хьалхе делахь а, хаамийн гIирсаша толам Клинтонан хир бу боху цу харжамашкахь.

XS
SM
MD
LG