ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко Надя кийча ю сепаратисташца дийцарш доло


Украина - Савченко Надежда
Украина - Савченко Надежда

Украинан пилота Савчено Надяс дIахьедина, ша Оьрсийчоьно гIодечу малхбалерчу сепаратистийн куьйгалхошца дийцарш дIадахьа реза ю аьлла. Савченкос хаамийн гIирсашка элира, юкъарло воцуш сепаратистийн куьйгалхошца дийцарш дIадахьар дуккха бакъахьа хир ду таханлерчу цхьа а эвсаралла йоцу Оьрсийчоь а, Франци а, Украина а, Германи а юкъахь йолуш дIахьош долчу дийцарел а.

“Хьалхара гIулч Оьрсийчоьнан духьал санкцеш шоръяр ю, хIунда аьлча Оьрсийчоь хIинца а ца кхета, ша юхаяла езийла. ШолгIа гIулч - сепаратистийн куьйгаллица юкъарлой боцуш, уьйраш дIатасар,” элира Савченкос. Цо ша сепаратисташца, шайх Донецк а, Луганск а олучу республикийн куьйгалхошца – Захарченко Александрца а, Плотницкий Игорца а цхьаьнакхета реза хилар дIахаийтира.

Сепаратистийн векала Пушилин Дениса элира и куьйгалхой Савченкоца цхьаьнакхета реза хир бу, нагахь санна Украинано цунна цхьа формалан статус лахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG