ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркерчу къайлахчу сервисаша лоьху ДаIишца уьйраш йолу нах


Цхьаьнатоьхна Штаташ - ФБР-ан седа а, белхан тапча а.

Цхьаьнатоьхна Штаташ - ФБР-ан седа а, белхан тапча а.

Дуккхачу ницкъашна вуно пайдехьа карийна ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба, цунах бахьана а дина, шайн Iалашонга кхача цу ницкъашна таронаш йовларна. Цхьайолчу пачхьалкхаша террорхойн тобанера схьаболучу кхерамца бакъдо шаьш шайн бахархойн коьрта бакъонаш ехкар, царех лаьцна йолу приват информаци шайн къайлахчу сервисаша гулйар. Цу могIарера ю шинари дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, цул гена арахьа а иккхина йолу IалагIож. Нью-Йорк Таймс газетано зорбане яьккхинчу скандалечу артиклехь чIагIдеш ду, Iамеркечу FBI шех олучу, аьлча а, Талламийн Федералан Бюроно тIаьхьарчу шина шарчохь, ДаIиш кхоллаелча дуьйна схьа, цу тобанца озабезам я зIенаш йолуш хила мега аьлла шаьш шеконе лаьцначу нахана дуьхьал цара ца динарг дина бохуш чIагIдеш долу харц зуламан гIуллакхаш схьадиллинера, бохуш. Иштта, масала, цу къайлахчу сервисо лерина ахча а луш, шен агенташ юккъе бохуьйту бусулбачийн тобанашна я цхьаьнакхетараллашна, цара иштта шаьш джихадхой долчуха моттаргIанаш лелош болу айкханчаш баржабо социалан машанашкахь, цаьрга кегирхой Iехалой хьовсуш, цу кепара джихадхойн ойланаш йолу нах гучубахархьама. Цу кепара легала боцучу гIирсашца къайлахчу сервисо хIинцале а 90 герга Iамеркахочунна дуьхьал зуламан гIуллакх схьадиллина, бохуш чIагIдо газетано.

Карарчу хенахь ДаIишца озабезам я уьйра хиларна эзар герга меттигерчу бахархошна дуьхьал бехкталламан гIуллакхаш дIахьош йолчу Талламийн Федерала Бюрон векалш дацаре до, шаьш иштта легала йоцучу кепара болх бо бохург. Амма Нью-Йорк Таймс газетано бинчу талламаша гойту, къайлахчу сервисашна болх бечу моттбеттархоша джихадхошца дог-ойла йолчу нахана герз эца а, террорхойн тIелатарш дан меттигаш схьахаржа а, ур-атталла Шема ДаIишах дIакхета баха аттоха йолу маршрут схьалаха а гIо деш хиллийла.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлаха сервисаш дуьхьарлераниш яц джихадхошца и кепара ловзарш лелош гучуевлларш. Масех бутт хьалха Германин инарла прокуратурано болийра немцойн коьртачу къайлахчу сервисан - Коституци ларйаран хьукматан - шина белхалочуьнна дуьхьал талламаш. И шиъ шеконе лаьцна, цара Ал - Къаида террорхойн тобан декъашхошна ахчанаш даларна. Ирфан Пеци цIе йолчу жимчу стаго язйиначу киншки тIера гучудаьлла, къайлахсервисхой террорхошна ахчанца гIодеш хилар.

Даханчу шарахь „Джихадхо. Террор мейд ин Джермани“ цIе йолу киншка язйинчул тIаьхьа гIарваьлла волу Пеци Ирфан цIе йолу Берлинерчу албанхойн доьзалера жимстаг кхиазхо волуш дуьйна схьа радикалан исламхойн хьежамаш боькъуш вара.

„Глобалан исламан медиафронт“ аьлла юкъаралла а кхоьллина, немцойн мотт лелачу мехкашкахь уггаре а вевзачех а, уггаре а радикалечех а исламхо хилира цунах, Австрехь а, Швейцарехь а, Германехь а дийна цхьа джихадхойн маша а кхоьллина, эзарнаш кегийнах шайн машане марзбеш волу.

Ал -Къаида тобанна белшаш гIортош йолу пропаганда а, террорхойн видеокхайкхамаш а, шаьш йохуш йолу джихаде кхиазхой марзбеш йолу клипаш а, маьждигашкахь кегирхошна хьалха радикале даIаваташ дар а – иштта дара шерашкахь Пеци Ирфананан дахар. И болх цо башха лечкъаш а воцуш, гаррехь беш болшехь, цунна тIаьхIиттина, цунах Iехалучу кегирхоша хIара стаг иштта муха лоьлуйту Iедало, аьлла, ойла ца йина хиллачух тера ду. Эххар а Пеци Ирфан немцойн къайлахчу сервисийн моттбеттарг вуйла гучудаллалца. ХIинца шен леламех лаьцна киншка а язйина, ахча доккхуш ву и жимстаг, немцойн ток-шоушкахь а, радикалхошца къийсам латторан хьукматашкахь а шен хаарш мехах дохка а духкуш. Иштта дийцира цо шен хьуьнарех лаьцна немцойн телевизионехь.

Пеци Ирфан: „Со гучувелира тIаккха мацца а. Иштта-м суна кхин ца лаьа шуьца болх бан аьлла Iад ца Iийра со. Ас-м кхин бехха бийр бара Конституци ларйархошна болх“.

Нагахь санна Пеци Ирфан а, кхин болу Малхбузера къайлахчу сервисийн агенташ бусулба кегирхошлахь радикалан хьежамийн дIовш даржош, цунах шайн бахамаш боьхкуш Iаш белахь, цу наха Iехочу кегирхошна я набахте хуьлу, я Iожалла. Иштта зуламхоша Iеха а вина, шен дика доьшуш а, спортехь баккхий кхиамаш а болуш воллучуьра вала вигина, дIакхелхинчу кIантах лаьцна Австрин цхьана яхархочо иштта дийцира Маршо радионе.

Австрин Яхархо: „Оцу цхьана маьждиге иха волавелча хийцавелира иза, церан хьежамашка ладоьгIуш, оцу интернет чуьра клипашка хьоьжуш. Церан агитацино дикка лаьцна ца хилча, иштта стаг хийцавала йиш яцара. Цхьа шега дIадуьйцург тIедуьтуш, тIеоьцуш вацара иза“.

Хьахон догIу, джихадхо ву ша бохуш, кегирхой галбуьйхуш хилла волу къайлахчу сервисийн мехалчех айкханчу масех шо хьалха Данехь а гучувелира. Цу махкахь уггаре а радикалечарех волчу джихадхочуо Сторм Мортена дийцира меттигерчу Джилланд Постен газете, ша бакъдолчехь меттигерчу ПЕТ цIе йолчу къайлахчу сервисан а, Iамеркерчу Централа талламийн урхаллин а агент вара, бохуш.

ЦIеяххана волу Йеменерчу Ал-Каидан куьйгалхо Ал-Авлаки Анвар шеца зIенехь а вара, ша цунна шолгIа зуда ялон гIодеш а вара, ша дIаеллачу информацица бомбеш а тоьхна вен а вийра иза, бохуш дийцира цуо. ХIинца полисхоша дийнахь-буса а ларвеш а волуш, Iедал чотах къендоцу дахар дIахьош ву и стаг.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG