ТIекхочийла долу линкаш

Кхушара санна йочане шо хилла хан дагайогIурш дукха бац тахана махкахь. Халкъалахь олуш ма-хиллара мангало ма тотту буц кхиъна, тулгIенехь лесташ го цанаш, хьийкъина дежийлаш.

БIаьрг белош тоделла,лакхадевлла го ялташ: кIа, мукх, хьаьжкIаш, маьлхан хIуш… Хи тоха хьашто йоцуш хьийкъина кхушара хастоьмаш а.

ХIинццалц схьа дукха хьолахь, якъо бахьнехь, бахархоша Деле догIа доьхуш доIанаш дина масалш кIезиг ца хиллехь а, карарчу хенахь Дуьне- жил Iалам кхоьллинчуьнга доIанца маьлхан,довха денош деххал ладегIамехь беха дуьйш-дерзош латтанаш лело долахой а, могIарера нах а.

Стенна аьлча, хаддаза йочане денош латтарна, ялташ чудерзорехь даккхий дараш хила сахьт дац, цхьа бIаьрла хийцам ца хилахь боху дахарехь зеделлачу юьртахоша.

Официалан кхайкхорехь цхьайолчу кIошташкахь хIинцале зенаш дина карзахдаьллачу Iаламо. Юьртабахаман министараллин хьостано Iорадаккхарца ТIехьа –Мартанан, Соьлжа,Соьлжа гIалин кIошташкахь 4 эзар гектар сов ялташ хIаллакдина ша тухуш, моханца даьхкинчу догIнаша.

Оцу урхаллин говзанчаш гIайгIанехь бу, кхоччуш йох а елла, маьлхан денош ца латтахь, ялташ чудерзош бахамашна а, долахошна а, даккхий зенаш хиларна кхоьруш.

«Элира-бахара» а доцуш, ялташ кхиор юххера девзачех ву Теркйист кIоштера къинхьагамхо Шавал. Яхъеллачу йочанех долийра охашимма къамел.

Шавал: «Йочана езаш яра, амма хIинца-м тIехъяьлла йогIу. Мекхана а, рапсана а чIогIа кхерам бу. Мукх цхьаццанхьа охьабижна, матар таса а болийна.

Юкъ-кара ишта охьайижна рапс а. ТIуналла алсам хиларна,мох кхоьтийла ледара хиларна тосу матар. Хьокхуш шаберг схьаэцалур бац мукх. Лаьттах дIаэбелларг-м ирх-пурх а бовр бу.

ХIокху деношкахь йочана саца а сецна, маьлхан денош дIахIиттахь, ялташ чIогIа дика хир ду. Бакъдерг дийцича цхьаццайолчу кIошташкахь санна, къора тоьхна ялташ хIаллак ца дина Теркаца йолчу кIошташкахь. Дала мукъалахь дика хир ду ялташ».

Маршо Радио: Шавал, ялташ сов ца девлла ялташ дан а дуй?

Шавал: «Ду! Уггар хьалха кIа ду хьуна, вета а ду, къаьсттина маьлхан хIуш, хьаьжкIаш а ю хьуна. Уьш охьа а ца дийшина. Кхушара санна хьийкъина хIуш а, хьаьжкIаш а суна яйна а яц.

Овес дуй, бIаьстенан юьххьехь дийна, сула олуш долу иза а ду тIех дика».

Кхиъначу, хьийкъинчу ялтех, уьш чудерзорехь хила тарлучу халонех дийцина долахо-къинхьегамхо

Шавал дегайовха ву, догIанаш мелла а совдийла доьллехь а, уьш чудерзийначул тIаьхьа чаккхенан жамI юьхькIаме хир ду аьлла.

XS
SM
MD
LG