ТIекхочийла долу линкаш

Францин Сената Оьрсийчоьнан санкцеш юхаяхар доьху


Францин Сенато Оьрсийчоьнна дуьхьал яхьна санкцеш жим-жима дIаяхарехь кхаж тесна. Францхойн Социалистийн парти дуьхьал йолушшехь, Мангал-баттахь санцкеш жим-жимма юхаяхар къобалдина 302 сенатора, ткъа 16 сенатор дуьхьал ву. Цу кхаж тасаро билгалдоккху Францин сенаторийн санкцех дог долуш хилар.

Iедалан коьртера социалисташ Минскан барт кхочушбаллалц дуьхьал бу санкцеш дIаяха а, ур-аттал, церан барам лахбан а. Сенатийн кхаж тасаро Францин Iедална декхар тIе ца дожадо санкцеш дIаяха. Оьрсийчоь Европан уггар йоккха йохка-эцаран накъост яра санкцеш юкъаяхале, юкъаяьханчул тIаьхьа Европано Оьрсийчу ечу кхачан- сурсатийн экспорт нийса 50 проценте кхаччалц охьайоьжна, ткъа Оьрсийчуьра Европе 30 процент.

Оьрсийчоьне озабезам болчу парламентера политикаша аьрзнаш до санкцеша Европан экономикана зе до, цул совнаха Европано Оьрсийчоьнна духьал лелайо политика Цхьаьнатоьхначу Штатийн хьашташна бен пайдехьа а яц бохуш.

XS
SM
MD
LG