ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а, Шеман а тIеман министрша еарийдийнахь ТехIеранехь дийцаредийр ду Шемарчу террорхойн тобанашна "Джабхат ан-Нусрана" а, ДАIИШ-на дуьхьал цхьаьнаболхбар жигарадаккхар, дIахьедо Оьрсийчоьнан тIеман хьукматан куьйгалхочун гIовса Антонов Анатолийс.

Шойгус ТехIеранехь кхин а масех цхьаьнакхетарш дIахьур ду ГIажарийн тIеман ницкъийн инарлица Джасем Ал-Фредж Фахидца. Цхьанакхетаран Iалашо ю шина пачхьалакхан тIеман-техникийн хьокъехь цхьаьнаболхбар а, регионерчу кхерамзаллийн хеттарш а.

“Шойгу Сергей кхин а цхьаьнакхета лерина ву Исламан Республикан Къоман Къерамзаллин Лаккхарчу Кхеташонан эскаран инарлица Шамхан Алица,” дIехьедира Оьрсийчоьнан тIеман хьукматана куьйгалхочун гIовса Антонов Анатолийс.

XS
SM
MD
LG