ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веданан кIоштIахь 229 стаг хIусамах воьхна


Еарийн Iуьйранна Веданан кIоштарчу ЦIе-Веданахь хилла токхам бахьанехь 22 цIа дуьззина хIаллакдина, 13 талхийна. Оцу цIеношкахь бехаш хилла 229 стаг. Йохийначу хIусамашкара бахархой цхьана ханна дIакхалхийна шайн гергарчу а, бевза-безачу а нахе.

Орцан министраллан хаамашца, Веданан кIоштахь кхерамзаллин хьолан раж хIоттийна. Меттигехь белхаш дIахьош каде штаб ю схьайиллина, 200 бIе Орцан министраллин белхахо а ву хадеш, 21 лерина техника а ю тIоьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG