ТIекхочийла долу линкаш

Допинган скандал иккхина Оьрсийчоьнан спортехь


Иза дийна цхьана документала сериалан дакъа ду, „Къайлаха гIуллакх „Допинг“ цIе а йолуш, немцойн вевзаш волчу режиссеро Зеппельт ХIайнос йоккхуш йолчу.

РогIера, деалгIа дакъа гайтира телевизионо, хIора а гайтам йоккхачу IалагIожца хьовсархоша а, дуьненаюкъарчу олимпикан комитето а, спортан хьукматхоша а тIеоьцучу, ткъа иштта оьрсийн урхаллехь хIораза а резадацар кхуллучу филман.

ХIинцалера сери доккхачу декъехь оьрсийн футболана лерина яра, нийса Европин футболан чемпионат йолаяла ши де дисинчу хенахь и филм эфире ялар ларамаза ца хилар гойтуш. Филман коьрта чулацам - Оьрсийчоьнан спортан министр Мутко Виталий ша шен омрашца оьрсийн спортхошна шаьш допингах пайдаоьцуш хилар къайладахьа гIо деш ву бохучунна тоьшаллаш гайтар.

Иштта, масала, филман авторе цо цIе ца йоккхучу хьосташа ма-дийцара, 2014-чу шарахь „Краснодар“ цIе йолчу футболан тобан ловзархочуьн цIийца гексарелин цIе йолу допинг хилар гучудаьллера, амма Муткос и хIума гIар ма далийта аьлла омра дар бахьана долуш иза кхин гена ца долуш дIадирзинера.

Оьрсийн министр билгал цу къепедацарна декъа хиллийла филман авторшан гучудаьлла, цара хьукматхочуьн имайлашца яздина кехаташ дешар бахьана долуш.

Цул совнаха, даханчу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташка ведда, къайлаваьллачу мацах цкъа Москохарчу допингах йолчу лабораторийн куьйгалхочуьн Родченков Григорийн мукIарлонашна тIе а тевжаш, Зеппельт Хайнос шен филмехь Муткон хьехамча йолу Желанова Наталья бехке йо, цо оьрсийн спортхойн допингаца гучуевлла йолу анализаш кхайлакхоьхьуш а хилла.

ТIехула тIе дуьненаюкъарчу допингаца къийсам латторан агенталлин куьйгалхочуьн Крейг Ридина тIеIаткъам бан гIерташ а хилла и зуда, цуьнга оьрсийн спортхойн хьокъехь цу агенталло беш болу талламаш сацабайтархьама.

Оццу Желановас, Муткон хьехамца йолчу, Дуьненаюкъарчу яйчу атлетикан федерацина кхаьънаш луш хилла, оьрсийн спортхойн допингана позитиве анализаш гучуйовлар цаьрга къайладахьийтархьама, бохуш чIагIдо телеканало.

Масала, Родченковс филман авторшка ма-дийцара, масех шо хьалха Лондонехь хиллачу Олимпийн ловзаршкахь допинг лелош гучубевллачу оьрсийн спортхойх ах миллион доллар кхаъ луш хилла яйчу атлетикан федерацина.

Вуно дукха скандале меттигаш ю кхаари дийнахь немцойн коьртачу телеканало прайм-тайм олучу тоьллачу хенахь гайтинчу филмехь. Цара гойту оьрсийн спорт тIаьхьарчу шерашкахь харцлерний, кхаьънаш даларний, спортан низамашца магийна боцу гIирсех пайдаэцарний тIехь лаьтташ хилар.

Кхеташ ма-хиллара, Оьрсийчоьнан куьйгалло, филман авторша цу маьттазчу хьолана бехке лоручу, цу филмехь цхьа а хIума бакъ дац бохуш дацаре до.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс цу чохь дуьйцург тоьшаллаш доцу эладитанш ду элира журналисташка, ткъа Мутко Виталийс – оьрсийн спортхошца конкуренци лелочийн питанаш лерира филмехь шех а, шен гонан а бозбуанчаллех лаьцна дийцинарг.

XS
SM
MD
LG