ТIекхочийла долу линкаш

ПIераскана буса Казахстанан Актоберчу Некрасовн, Жанкож-Батыран цIарах урамаш вовшахкхетачохь лаьттачу цIенна го бинера спецназо. Дахначу кIирандийнахь Актоберчу герз духкучу туьканашна тIелатар а деш, лелхийтарш динчу зуламхойн декхахой левчкъина хилла гIалин оцу цIийнан хIусамчохь.

Казахстанан Къоман кхерамзаллин Комитетан хаамашца, полисхошна тIе герз детта буьйлабеллачул тIаьхьа, дуьхьалонца вийна 10 террорхо. Кхерамзаллин комитетан шина белхахочунна чевнаш йина, амма церан дахар кхерамна кIел дац. Азаттык Радион репортера дийцарехь операци дIахьочу меттиган лаьцна го бара полисхойн.

ТIеоьзна гуш яра тIеман техника, цIейойъу машенаш, иттаннашкахь полисхой.

XS
SM
MD
LG