ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коломиец Андрейна 10 шо хан тоьхна


Украинера 23 шо долчу Евромайдан боламан жигархочо, Коломиец Андрейс дIахьедар дина, шена тIехь ницкъ беш, Iазап даллийна шегахь, аьлла. Стаг вен гIортарна бехкевина Коломиец аннекси йинчу ГIирмехь оьрсийн кхело.

ПIерасканадийнахь Симферополехь дIайоьдучу кхелан декъашхоша хаамбина, Коломиец Андрейс дахначу шарахь «Майданехь» Молотовн коктейль украинхойн «Беркут» тобан шина полисхочунна тIеластийна хиллера, аьлла.

Дахначу шеран Стигалкъекъа-баттахь ГIебарт-Балкхарачойн лаьттатIехь лаьцна Коломиец хIинццалц ГIирмехь латтийна, ха а деш. Бехкевечо даредина, ницкъ бина шена тIехь полисхоша, Украинехь экстремистийн юкъараллашкахь дакъалацар тIелаца бохуш.

Украинан бакъоларъярхоша Коломийцана тIедохку бехкаш абсурде лору. ПIерасканадийнахь украинхочунна-жигархочунна ГIирман кхело набахтехь яккха 10 шо хан кхайкхийна. И хаам бо Коломийцан адваката Кушпель Михаила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG