ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамзаллин хьолан раж кхайкхийна Нохчийчохь


Диллина оьху догIанаш бахьанехь даккхий зенаш хилла Нохчийчохь. Орцанан министраллан хаамашца, Веданан кIоштарчу ЦIе-Веданахь хилла токхам бахьанехь 22 цIа дуьззина хIаллакдина, 23 чохь Iен аьтто боцуш дохийна. Керлачу хаамашца, кхерамзаллин хьолан раж кхайкхийна махкарчу 11 кIоштахь.

Ю царлахь: ТIехьа Мартанан, Веданан, Куьрчалан, Нажийн-Юьртан, Хьалха-Мартанан, Грозненскан, Итум-Кхелан, Шуьйтан, Шаройн, Сунжан, Шелан кIошташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG