ТIекхочийла долу линкаш

Масийтта де ду Оьрсийчоьнан Къилбаседехь коьрта шахьар ларалучу Петарбухехь, хан йоцчу хенахь котам бунчу цхьогал иккхича санна йокккха гIовгIа лаьтта.

Эзарниш нах а гуллуш дийцаре даьккхинарг ду канал олучу цхьана жимачу хина тIехула тиллинчу тIайн цIе хийцар –Дудергоф меттан Кадыров Ахьмад.

Оцу гIалин урхаллехь кхоьллинчу топономин комиссино юкъадаьккхина ду, дийцарехь, и цIе хийцар. Цуьнан декъащхошна и муха, мичара дагадеъна? Шаьш дага а бевлла лелаш бу уьш я цхьаннан аьллар-лаамца?

Меттигийн цIерш хийцар цахийцар, церан орам, уьш тахкар ахкаме йохкуш, тидам-тергонехь латто декхарийла йолчу тобано шена хетарг, хьажам гIарбаьккхичхьана сел йоккха гIовгIа стенна яьлла оцу жимачу тIайна гонаха?

И тIай бахьнехь сила-а долу адам ша меттахдаьлла я и кIамдеш, "хиламийн ага техкош" цхьа ницкъаш бу? Цу а, кхечу а хеттаршна цкъачунна жоьпаш дац.

Амма цу тIайна гонаха яьккхина гIовгIа де-дийне мел дели а шорлахь бен лахлуш яц. И цIе тиллар буххера дуьйна гома а ду, чекхдалийта мегар доцуш хIума ду аьлла, 90 эзар гергга куьг язораш гулдина Петарбухехь, хьехош даьккхина цу хьокъехь бахархойн лаам бовза референдум дIаяхьар а,тIелата кечвелла мостагI юхатоха халкъ ир-кара хIотто Iалашонна санна, петарбухой самоне боьхуш, сих-сиха дIахьуш бу гуламаш а.

КIадо цоцуш телевизионехь кест-кеста гойту Кадыров нажжаз веш, карзахе, Iоттабаккхаме, хьасартне къамелаш деш бахархой а.

Цара каралаьцна лаьтташ го тайп-тайпана язораш тIехь долу кIаденаш а: «Яхийта Кадыров»! , "Лой ахь Эстемирова Натальин цIарх тIай?», «Кхайкхаза баьхкинчу хьешийн харцо чекхъер яц!».

Цу могIарера йозанаш вуно дукха ду телевизионехь схьагуш.

Готте хьийзаш, оццул дукха адам гича, юьхьанца хьал ца хуучунна моттало Оьрсийчохь цхьа рогIера бохам иккхина, я дуьненна а вевза, цIарна цIе яххана лераме стаг вийна.

И шен «акхаллица, къизаллица» йозаелла, йилбаз мох санна, хьаьвзина ойла бакъ ца карийча, хьехориг цхьа декъаза жима тIай бен доций хиъча, хаъал синтеме хуьлу телехьажархо.

Генарчу Петарбухехь кхехкачу дахаре партала, бедарца хьоьжуш бац нохчий а. Цара кхетадо вуьйцургш веккъа Кадыров хилла ца Iар а, шайна а цунах доккха дакъа а кхочу хадош берг шайн мах хилар а.

Турпалхочун дарже а ваьккхина, Оьрсийчохь Кадыров воккханиг сел лераме воллушехь, оццул «къап-къирс», IалгIожа стенна гIаттийна Петарбухехь цуьнан цIарна гонаха?

Дахарца мел дозаделлла ду те и жима тIай бахьнехь бIеннашкахь нах урамашка бовлар? Цу а. кхечу а хеттаршна жоьпаш каро гIерташ ву Нохчийчуьра Iилманча, филолог-историк Бетризов Руслан.

Руслан: «Петарбухехь цара лелочух неонацистин ойла а, хьажам а олу. Нехан кийрахь йолу ойла ю-кх. ХIинца шахьрахь цхьа эзар стаг вовшахкхетча мел дукха адам ду иза дуй?

Оцу гIуллакхана арабевлла бу-кх уьш. Уьш неонацисташ бу. Уьш кхин къаьмнаш ца дезаш бу, къаьсттина нохчий. 140 къам деха Оьрсийчохь.

Кхечу къаьмнашна чIогIа вон масал ду-кх цара гойтург. Кадыров Ахьмад массарна а вовза а вевзаш, хаза нехан санна турпалхо а волуш Оьрсийчоьнан стаг вар-кх.

Осал а воцуш стаг вара, бакъдерг бакъ хила ма деза. ХIунда ца туьллу цуьнан цIе? И тиллича хIун галдолу? Соьлжа-ГIалахь мел дукха оьрсийн цIерш яц урамашна техкина? Ян ма ю! Кегий къаьмнаш дIатоьтту. Суьйлий, нохчий масала, официалан олуш хIума а доцуш, кIелдIашхула дIатоьтту. Иза дIадала дезаш ду да-м,амма чаккхе гуш-м яц цкъачунна…»

Петарбухехь цхьана тIайна Кадыров Ахьмадан цIе тиллар хьокъехь яьлла гIовгIа кхето хьаьжна, хIинцца къамел динчу историка Бетризов Руслана санна кIеда-мерза, лераме къамел дийраш махкахь дукха бац.

Цара тидарехь Петарбухерчу хиламаша гойту Оьрсийчоьнан юкъаралло кегий къаьмнаш мел тIеоьцу а, уьш шаьш санна лерина, шайх дIаэдалийта церан лаам мел кIорге йолуш бу а

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG