ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Демаьшкехь динчу зуламаша нах байина


Шемарчу зорбанаша хаамаш барехь, шоьтадийнахь Демаьшканна йистехь динчу эккхийтаршкахь ши стаг вийна, иттанашна чевнаш йина. Шиннах цхьа эккхийтар дина Iожалхочо ша шен вуьйш, шолгIаниг машенчохь.

Шиийташа лоручу Сайида-Зейнаб маьждигна чувоьддучехь дина и зуламаш. Шемахойн бакъоларъяран Британерчу тобано чIагIдарехь, мел лаххара а вийнарг 9 стаг ву, 30-нна кеп-кепара чевнаш йина.

Шемарчу гIаттамхоша кест-кеста до Сайида-Зейнаб маьждигна тIелатарш, цхьадолу лелхийтарш шайна тIе лоцу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG