ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира йинчу денца декъалйира Британин паччахь Елизавета ШолгIаниг. Кремлан пресс-гIоьнчаша бо и хаам. «Шина пачхьалкхан юкъаметтигийн йоккха истори ю, ша тешна ву, кхин дIа а доттагIаллин уьйраш кхуьрг хиларх, оьрсийн-британхойн къаьмнийн ниIматан дуьхьа, дуьненаюкъара кхерамзалла чIагIъярхьама», аьлла яздо хаамехь Кремлан цIарх.

Елизавета ШолгIачо шен йина де билгалдаьккхина Охан-беттан 21-чу дийнахь, амма официалан барамаш дIахьо цо, дIахIоьттинчу ламастца, Мангал-баттахь.

XS
SM
MD
LG