ТIекхочийла долу линкаш

Чолхечу хьолан рожехь дIайолаелла Европан футболан чемпионат


Цхьаьна агIор, террорхойн тIелатаран кхерам, вукху агIор кIиранашкахь болх охьа а биллина, дуьхьалонан акцеш дIахьош йолу белхалойн цхьаьнакхетараллаш.

Францехь футболан чемпионат даима а и санна болу хилам дIахьочу хенахь нислуш йолу дог айдалар а, меттигерчу бахархойн цу хиламах совтIех самукъадаьлла, цара цуьнга вуно чIогIа сатассар, церан дог-ойла токхе хилар – и дерриге данне доцуш ала йиш яцахь а, амма хIетте а таьIначу синхьамашкахь а, таьIначу политикан а, юкъараллин хьелашкахь а дIайолаелла.

Ши миллиард евро герга ахча дайъина Францин урхалло, доллучу дуьнентIера буьрках ловзар дезачара боккхачу сатийсамца ларъечу чемпионатан кечам барна. Амма кхечу хьелашкахь вуно чIогIа хазйина, тойина, кечйина цу хиламна гIаланаш дIахIиттош хилахь, хIинца Францин яккхийчу гIаланашкахь, - уьш кечъйар хьовха, ур-атталла цхьадолчу урамашкахь нехаш а мегарг дIаяьхна йоцуш хьал ду.

Цул совнаха, тIаьхьарчу кIирнашкахь йоллучу Европехь, ткъа къаьстина Францехь дукха яккхий йочанаш лаьтттина хиларна, меттигера хиш дистина долуш, хи хьадаран кхерамах ларлуш белхаш бан дезна Iедалхойн а, ткъа меттигерчу нехан бIеннаш хIусамаш чу хи даьлла, чохь пайденна йоцучу тIе евлла.

Францин коьртачу шахьарахь вехачу вайн махкахочо Дервишев Адамс Маршо радионца шен хиллачу къамелехь а тIечIагIдира, Парижан урамашкахь башха боккхачу зовкхан билгалонаш ца го бохург. Цул совнаха, Iедало кхерамазаллин гIулчаш совъяьхнехь бахархошна хIара аьлла гуш хийцамаш а бац боху Адама.

Дервишев: „ХIара аьлла хийцамаш бац суна кхузахь буьрках ловзаран чемпионат яр аьлла гуш. Кху тIаьхьарчу беттанашкахь белхан министро цхьа керла низам тIеэцар бахьана долуш цунна дуьхьалонаш еш, болх охьа а биллина, урамашка буьйлуш бара меттигера болхбархой.

Цул совнаха кху Парижехула дIадоьду Сена хи догIнаш бахьана долуш дестарна, иза бердел тIех ца далийта къахьега дезаш бара Iедалхой. Иштта тIаьхьарчу беттанашкахь дуккха а полисхой а бу урамашкахь, къаьстина садайначул тIаьхьа. Вуьшта кхин чемпионат бахьана долуш хилла хийцамаш ца го суна кхузахь.“

ХIетте а, махкана а дерг ловзар бохучу хьесапца санна, пIераскана сарахь Европан футболан чемпионат йолалучу хенахь цу хиламах шайн дезде хилийта гIоьртира францхой. Сен-Денирчу „Стад де Франс“ стадионехь 550 стаго дакъа а лоцуш дIаяьхьира чемпионат йолоран церемони. Ткъа цу церемонин коьрта чулацам чемпионатан декъашхошна а, хьешашна а францхойн културе ша-башха экскурси яр санначу барамехь хIоттийна бара.

Футболан майданах чемпионатан дайша нана-йоккха беш йинера, каруселаш а йолуш, ткъа трибунаш цу турнирехь дакъалоцучу 24 пачхьалкхан байракхийн боснашка ерзийра.

Европин футболан чемпионат йолош дуьххьарлера ловзар дIадахьа кхаж баьллера чемпионаташ дайн, францхойн, тобаний, Румынерчу тобаний. Хетарехь, цхьа а цецваьлла хир вац и матч францхойн толамца 2:1 чотаца йирзича.

ХIунда аьлча, цкъа делахь, францхойн тоба чемпионатан фаворитех цхьаъ ю, шозлагIа делахь, шен махкахь, шена дика евзачу стадионехь ловзуш ю, кхозлагIа делахь, вуно йоккха жоьпалла а яра цу тобан футболхошна тIехь, шайн махкахь дIахьочу чемпионатан дуьххьарлерчу матчехь дакъалоцуш ша нисъелча, юхь-Iаьржа а ца хIуттуш, чекхйала.

ХIинцалерчу Европин футболан чемпионатийн башхаллех лаьцна аьлла, дуьххьара цу кепарчу турнирехь дакъалоцуш ю цхьа могIа керла тобанаш – Исландера, Албанера, Къилбаседа Ирландера, Уэлсера. Ловзарш 10 стадионехь дIахьур ду, йоллучу пачхьалкхехула Iохкуш йолчу.

Чемпионатехь тола там болу тобанаш, ала дашна, хьалхарчу декъехь Францинарг, ткъа цул тIаьхьа Германин, Испанин тобанаш ю.

Кхин цхьа а башхалла ю- футболан исторехь дуьххьара дIахьош ю Европин чемпионат чолхе хьолан раж кхайкхинчу махкахь - Францехь, даханчу шеран лахьан баттахь террорхойн тIелатарш хилча дуьйна схьа, лаьтташ ду и хьал, Iедалхоша хIора а кхаа баттахь дах а деш.

XS
SM
MD
LG