ТIекхочийла долу линкаш

Къийсаман, маршонан, къонахаллин поэт Юсупов Iилман


Нохчийн поэтан Юсупов Iилманан керла араяьллачу жаргин мужалт, 2016

Нохчийн поэтан Юсупов Iилманан керла араяьллачу жаргин мужалт, 2016

Масане кIант, йоI, бер-зуда, къаной баьхна махках тIаьхьарчу ткъех шарчохь Нохчийчохь кхихкинчу хиламаша, тIехIиттинчу бохамаша, листа ницкъ боцчу хьашт –дезарша?...

Царалахь кIезиг бац къоман сий, дозалла, юьхькIам лара хьакъ болу кхоллараллин белхой а. Корта кеггош, ахкаме вийла а ца оьшуш, атта дага а богIуш,вуно дукха бу уьш беккъа цхьана яздархошлахь а: Бисултанов Апти, Ящуркаев Султан, Эльсанов Ислам, Хатаев Хьусайн, Байсултанов Дауд, Юсупов Iилман ишта дIа кхин а, кхин а.

Хьаам бийриг ду «диканах дог ца дуьллуш», кханенах тешаш, геналлехь лов халонаш къарьеш, исбаьхьчу дашца ненан меттан таронаш шорьеш, цара, нохчийн байталлин, прозин дозанаш шордеш, цуьрриг «гомха а доцуш, охана дар».

Цу хьаналчу новкъахь тахана уггар кайолачех, исбаьхьаллин дешан къайле ястарехь синтеме хьаам а, кест-кеста Делера кхаъ хуьлчех цхьаъ ву аьлла хета Щвецехь веха махкахо Юсупов Iилман.

Сан лаам бац цуьнан кхоллараллин некъах дийца а, я цуьнан биографии йовзийта а. Иза юххера вовза лиинчу и дан хала дац. Ала цхьаъ ду. Нохчийн меттан кханенах а, литературах а дог лозучу, бала кхочучу адамийн гIоьнца, кху муьрехь Адыгин республикехь зорбане яьлла Юсупов Iилманан байтийн ши жарга- гулар.

Поэт ша хьовх, цуьнан байталла хестор а яц сан Iалашо. Ас тидаме эцнарг ву сих-сиха поэтан лаамера а вуьйлуш, шен «со», шен аьллар-луур тIедаккха хьовш волу цуьнан (лирикан турпалхо бохучу маьIнехь) синхааман турпалхо.

Суна йовзийта лаьа цу турпалхочо, хIара адам дан а дуй те, оццул кIорге яста тар а лой те цо аьлла, дешархо шек а вохуш, цхьа суьлхьанаш луьстуш санна «атта» а хеталуш, иза исбаьхьаллин дешан къайле ястарехь бухбоцчу хIордан кIоргене кхийдар.

Царна тIера, тIаьххьарчех ю со «тIетевжина» масех байт а.

…Мархаша цIоцкъамаш хебадо, ийзабеш

Стигалан дилхара массо а пха.

Суьпачу цIийн озо синхаам къийзабеш,

Моттуьйту дайн кешнаш садоьIуш Iа.

Реза хир вацара со кхечу дахарна.

Наггахь сайн кхолламо хьекхахь а гIо.

БIаьвнаша тIеийзош, со новкъа вахарна,

Дийначийн могIаршкахь лаьтташ ву со.

Iилманан синхаам турпалхочо билгал мел йоккху ойла, дахарца вузуш, "воьхкуш», цунах кхиа олам дебош, барз-оьла, литта я рагI хилла Iац – иза мархашлахь баххьаш хьулбелла лам бу, бух боцу хIорд а, чаккхе йоцу паналла а ю.

Къена сайн гIайгIа ас йоьхкур ю дIа

Ломах, сайн тайпанан цIе лелош болчу.

МостагIчо ягийна сан кIотар Iа,

Стигал шен кIаррашца хIиттаеш холчу.

Дог дуу со шена чохь лелла хьун

Бомбанийн лелхарша хIаллакьеш гаро.

Емалдеш къаьхьачу бохаман ун,

Шийла тхиш кхехкадо бекхаман цIаро.

Кхерамах дуьзна ду кеманийн дур,

танканан хIоъ кхетта шовда Iа доьхна.

Эхарта дIахьажий кхиазхойн сур

МостагIийн арданго тоьпаш а тоьхна.

Синхааман турпалхочо балхориг бохам, инзаре, дуьненахь а гина йоцу къизалла хилла ца Iа. Иза шатайпа, Нохчийчохь тIамо дайинчу эзарнаш берийн орцане мохь-цIогIа а ду, кхин и саннарг ца хилийта, дерриг дуьне адамалле, къинхетамалле кхайкхар а ду ма-дарра аьлча.

Суна хетарехь, байтанчин похIмаллин лакхара мах хадоран гайтам-тIегIа ду цо «бов вала хьайна синхааман турпалхо, бIаьргаIуналлехь а латтош, «хецна» витар.

ТIаккха атта ган а го, кхета а ло аьлла хета цуьнан Даймахках возуш, сагатдалар мел кIорге йолуш ду а, "кхоллараллин цIонга" цунах хIоттадалар мел чIагIо йолуш ду а.

Доцца аьлча и мел «чулацаме а, шорта» а ву! Цу декъехь гайтаме хетало хIара могIанаш а.

Хьаша санна, дахар доьду дIа

Эхартаца бертахь болчу болчу новкъа.

Хьайх со къастар ма ларалахь къа,

Хьайх со хьегар ма хеталахь новкъа.

Ца хаарх хьо гур я кхин ца гур,

Суна кIорда-м ца до хьоь сатийса.

МостагIчо хьо ягош тесна кIур

Гуттаренна а сан сих ийна сийса.

Пана махкахь денош кхелха сан,

Са а туьйсуш хьо къинтIера яккха.

Лаьттахь хьо бен яц сан гIайгIа бан,

Сан лазийна илли тIома даккха.

Ойланаш сан хьан аматах оь,

Цец а йоккхуш сан сих хьерча цхьалла.

Хьо сан доIа хилар, Нохчийчоь,

Хууш ду и хезаш волчу Далла.

Дахар, Iалам, цаьрца адам тардалар, дозадалар…

Цхьаьна масийтта тема ястарехь Юсупов Iилмане нисса дIахIитто байтанчаш бац ца алархьама аьлча- дукха бац. Синхааман турпалхочо ялхайо ойланаш ялхийна кхин мила ву, хьаьнца юста уьш, мила ву хьалханча?

ЛадогIийша.

Буоберан кхел санна, бIарзделла доьлхучу дарцо

Чолхечу сан новкъа баржабо кIохцале куз.

Лазамца барт бина мох гIерта сан ойла харцо,

Хоршано хебочу сан дегIах гIиттадеш зуз.

Тухий сайн син тIемаш,йийсар бо цхьа бохь ас ломан,

ГIорийна тIулг санна цул тIаьхьа чувужу со.

Юха а гIотту со Iин сайга хьежарх а гома,

Юха а маршонан хелхар ас дорцалахь до.

Шелоне къар ца ло сан дегайовхонан пардо,

Еттарх а дарца сан юьхь тIе шен сирьелла кхес.

Нохчийчоь хестийна иллеш ас сайн кийрахь лардо,

Царах бен ца теша тIамо сан човхийна иэс…

Тамашениг ду Iилманан синхааман турпалхочуо ойла стеннах яхь а, цуо ахкаме бIаьрса тIедоьгIна, лерса ирдина зуьйриг хIуъу а елахь а, цо хIотто сурт дагалецамехь дуьсу, дагчу а дуьжу.

Мел хала хеташ делахь а,ас цхьа коржамаш йохуш каеттар санна,юкъ-юкъеара даладо цхьадолу могIанаш. Суна гергахь, чIагIдан вахьац, кху могIанашкахь, Iаламал тIех юй те аьлла ю философин хьекъале бухбацаралла.

Луьстачу догIано корашна тIе вота етташ,

Буьйса Iа сан куьйго язьечу байташна хехь.

Корашна тIехула уьдуш ду тIадамаш сетташ,

МогIанаш могIанех хьекхало кехатна тIехь.

Кхехкачу ойланийн догIа сан кхетамехь догIу,

Кхета ца кхета со-м кехато и муха лов…

Юсупов Iилманан синхааман турпалхо хеттарийн уьйриг бу. Цо жоьпаш лоьху дуьне кхоьлличхьана дуьйна схьа адамна хьалха лаьттинчу хеттаршна.

Цуьнан кхетам хеттаршка буьйлуш, сацам боцуш, даима а ахкамехь беха. Цундела, иза баххашка кхийдарна,иза гомхаллехь къехка дела догIу хир ду-кх,цо ялхочу ойланашка хаддаза ладегIа дог.

Iилманан синхааман турпалхо хеттаршка вийларца дерзадо ас сайн къамел а.

Тамашийна хеттарш лела ойланашкахь сан:

Лаьий техьа вона, дохкодаьлла, нацкъардала?

Аренаша сатуьйсий те лаьмнмийн баххьаш ган?

ГIертий техьа латта Iарше лоха кхаза ала?

ТIулгаш ирсе хуьлий техьа вовшийн яххьаш гуш?

Ша а, цIе а хьаьгна Iай-те шайлахь барбан хаза?

Ховха зезаг хилча IаьнтIехь лай кIел дахалуш,

Доккхур ду сан безамо а баланаш тIехь заза

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG