ТIекхочийла долу линкаш

Казахстанерчу Актобе гIалина тIелатар дина берриг зуламхой шоьтан буса Iедало лецна аьлла хаамбо Къоман кхерамзаллин Комитетан пресс-гIуллакххоша. Актюбинск кIоштан терроризмаца къийсам латточу штабо дIаяьхьначу операцехь аьтто хилла кху беттан 5-чу дийнахь Актобехь лелхийтарш дина террорхой леца.

Шинарийдинйнахь тIеман гIирсах боьттинчу бевзашбоцчу наха тIелатар динера Актоберчу герзаш духкучу шина туьканна а, эскаран декъанна а. Казахстанан Iедало терракт лору хилла зулам. Оцу тIелатарехь вийна 3 Кахахстанан эскархо, 4 могIарера вахархо а.

Цул тIаьхьа полисхоша тIелеттачарех герз диттина 13 вийнера, 9 йийсаре лаьцнера, ведда, карара ваьлла 6 лаца кхайкхийнера.

XS
SM
MD
LG