ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машаран барт бохийна Украинехь


Украинерчу конфликтан шинна агIоно даредарца, дахначу дийнахь-буса а 12 ураинхойн эскархошна герзан чевнаш йина, оьрсех 4 вийна. Киево а, Донбассерчу сепаратисташа а вовшашна бехкаш тIетоьтту, герзаш совцон бина барт талхорна. Украинан эскарша чIагIдо, «Донецкан халкъан республикерчу» сепаратисташа шоьтан буса 800 шайн позицешна тIе герзаш диттира, бохуш.

Ткъа, сепаратисташа Украинан пачхьалкхан эскарша шайн декъашна диттина, аьлла дIахьедо. Украинан президентан администрацин тIеман гIуллакхийн векало Мотузяник Александра бакъдо, яхначу буса 12 украинхойн эскархошна чевнаш яр.

Цо тоьшаллаш дарехь, дийнахь-буса а артиллерица тIемаш бина Донецкан гергахь, Мариуполехь, Луганскехь. Украинан тIеман министраллин терахьашца 2014-чу шеран бIаьста дуьйнна Донбассерчу клнфликтехь вийна 2600 украинхо, 9 эзар сов лазийнарг а ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG