ТIекхочийла долу линкаш

Шуьйта кIоштарчу ГIуш-Коьртахь токхамо 52 стаг чохь веха 10 цIа дохийна. Орцан министралле и хаам кхаьчна шоьтан буса. Социалан хьукматашна токхамо зенаш ца дина.

Йохийначу хIусамашкара цхьаболу бахархой кIелхьара а бохуш, леринчу цхьана ханна кечъйинчу меттигашка дIатарбина.

Дукхахберш ГIуш-Коьртарчу а, луларчу ярташкарчу а шайн гергарчу нахе буьсина, цIенош доьхначарна хIусамаш меттахIиттош гIо а лоцур ду аьлла хаам бо Шуьйта кIоштан администрацин векало.

XS
SM
MD
LG