ТIекхочийла долу линкаш

Францера Марсель гIалин урамех Оьрсийн, Ингалса шина пачхьалкхан футболан фанатий тIеман аренаш хилла дIадаханчу пIераскан сарахь а, шоьтан дийнахь а.

Цундела и матч лаккхарчу кхераман тIегIенехь хилар даре динера цигарчу Iедалша.

Матч йолаяла масех сахьт диссинчу хенахь Ширачу портан районехь юха а доладеллачу оьрсийн ингалсхойн фанатийн девнехь лазийнарш бу, 6 стаг полисхоша дIа а лаьцнера.

Меттигерачу "Прованс" газетан хаамашца, 50 шо кхаьчна ингалсхо оьрсаша тIелатар а дина валарний, висарний юккъехь ву. Оццу хьостано боху цу девнехь лазийнарш берриш а 35 стаг ву, царах 4 чIогIа лазийна ву.

ДIадахначу пIераскан дийнахь а маларх кхетта бехна карзахбевллачу6 фанатийн девнехь царах 3 лазавина, полисхо 4 лазавина.

Цу хилачух шега хаттар дича, шена хетарг дийцира хIокху деношкахь Францехь дIайоьдучу футболана тIехь леррина шайн тидам латточу цигарчу кегийрхойх цхьамма:

Маршо Радио: Марселехь хиллачух хIун аьлла хета хьуна?

Францхо: "ЛартIехь хIума ца хета суна и. Марселехь хила езаш кхин а матчаш ю. Кхечу махкашкара тIебогIур болуш кхин а хьовсархой а бу. ХIинца хиллачунна тIехь дIадоьрзур ду аьлла а ца хета суна и, цул а галдаьлларг хилар биен."

Маршо Радио: Кхиболчу французийн хIун дог-ойла ю аьлла хета хьуна оцу хиллачух?

Францхо: "Дукха французаш реза бац. Иза го Фейсбук чуьра а, Твитер чуьра а, кхечхьа а церан комментарешца, хIунда аьлча, хууш ма-хиллара, Марсель - иза карзахе гIала ю.

Оцу матчашна и гIала хаьржина хиларна а реза бац уьш. Суна хIинца хиллачунна тIехь дIадоьрзур ду аьлла ца хета."

Ши бIе шовзткъе итт полисхо а жандарм а хилла и карзахалла сацон арабевлла.

Цу Iалашонца бIаргашIийжон газ яржон дезна церан.

Цигахь хIоьттина хьал бахьна долуш Марсель гIалин Iедало сацам бина цигара "Шира порт" метрон станци дIакъовла.

Полисхоша дIалаьцначарах 4 стаг бехке озийна Iедалан белхалошна ницкъ бина аьлла.

Марселера "Велодром" цIе йолчу футболан майданахь шоьтан сарахь хилла матч - Ингалсхойн, Оьрсийн ловзаран терахь 1-1 долуш чекхъяьлла.

Атаева Иман

XS
SM
MD
LG