ТIекхочийла долу линкаш

ХIинца Бельги а йоллу шен дозанийн гIарол чIагIдан. Къаьсттина Францица доза доькъучохь 60 километр дIалоцу меттиг ю цо хIинца ларъян юьхьаралаьцнарг.

И меттиг цара билгалъяккхарна а шен бахьна ду:

ХIунда аьлча Бельгина гена йоццуш Iуьллучу Францин Кале цIе йолчу гIалахь тIебаьхкина нах дIагулбелла меттиг ю, шех " Джунгли" олуш. ТIедогIучу деношкахь цу меттера мухIажираш дIасабаха дагахь ду Францхойн Iедал.

Цундела, и мухIажираш шайна чубахкарна дуьхьало ян арадаьлла ду Бельгин Iедал.

ХIинцца дIадахначу кхаарин дийнахь иттанашкахь цигара шайн махка чубогIу мухIажираш Франце юхахьовсийна цара. Шайн махкара эрчонаш бахьнехь неха махкахь паргIата Iер-дахар лоьхуш арабевллачарна атта дац карарчу хенахь Европехь дIанисбала.

ХIунда аьлча, мухIажирашца доьзначу кхузарчу низамо Iедалшна бакъо ло дуьххьара мухIажиро тIе ког баьккхинчу Европа юккъейогIучу пачхьалкхе иза юхаваккха.

ДIадахначу деношкахь цхьаболчу мухIажирша шаьш тIелацар дехна Бельгин пачхьалкхе. ТIаьхьа хIуъу хилахь а, церан гIуллакх толлучу юкъанна мукъне а, Бельгехь биса таро хир ю церан.

Таханлерчу дийнахь, мухIажираш чу ца бахкийтаран Iалашонца Шенген юккъейогIучу 9 пачхьалкхо чIагIдина гIарол шайн дозанашкахь тайп-тайпанчу барамашкахь.

Цхьана пачхьалкхо доза дIакъовллушехь, тIебаьхкина нах шайн агIор чу ца бахкийта лулара пачхьалкхаша а къовлу шайн дозанаш дIа. Иштта ду тахана Европе эзарнашкахь схьабаьхкинчу, шаьш тIелацаре сатуьсуш Iаш болчу мухIажирийн хьал.

Атаева Иман

XS
SM
MD
LG