ТIекхочийла долу линкаш

Трампа ша бакъ хиллера боху


Тизер- Клинтон-Трамп

Тизер- Клинтон-Трамп

Республиканийн тобанера президентан дарж къовса кандидат хила тарлучу Трамп Доналда Iамеркерчу исторехь цкъа а ца хилча кепара юкъараллин меттигехь нах байарна терго йира дешнашца, демократин партин куьйгалхошна а, бусалбачу нахана а дуьхьал дера комменташ а еш. Хьалха а бусалба нах Iамерке чубитаран хьокъехь бехкам юкъабаккхар бехна хилла волу Трампа юха а карладаьхна бусалбачу нахе гомо кхуллу царна дуьхьал дIахьедарш. Цо шен твитер агIонна тIехь шен “радикалан Исламан терроризмах” болу хьежам нийса бара элира. “Орландехь хилларг юьхь бен яц.” Цо кхидIа а цу агIонна тIехь яздира, “Iамеркан пачхьалкхан куьйгалла гIийла а, эвсаралла йоцуш а ю. Ас бехкам юкъабаккхар дийхира. Вай буьрса хила деза,” аьлла. Цул сов, Трампа президент волчу Обама Бараке кхайкхамбира дарж дита аьлла, ткъа демократийн кандидат йолчу Клинтон Хилларига президентан дарж къовсамана юкъара дIаяла а аьлла.

XS
SM
MD
LG