ТIекхочийла долу линкаш

Хьалха – МартантIерчу администрацехь керла куьйгалхо


Нохчийчоь -- Хьалха-МартантIера маьждиг

Нохчийчоь -- Хьалха-МартантIера маьждиг

Кадыров Рамзан ягочу газах, тоьках догIу ахча нахера дика схьа ца гулдо аьлла критик йинчул тIаьхьа Хьалха – МартантIерчу админстрацин куьйгалхо волчу Умар Байсаеван метта, мехкадаьттан полка ротан баьчча Валид Абдурашидов хIоттийна. Умар Байсаев Хьалха – МартантIера админстрацин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш вара 2015-чу шеран лахьан-беттан 16-чу дийнахь дуьйна. Цул хьалха цо Нохчийчоьнан могушаллина министран хьалхара гIовса санна болхбинера. Цу дарже хIоттавале хьалха 4-чу Соьлжа-ГIаларчу дарбанан цIийнахь лор болхбина а вара. Хаамийн гIирсаша иза хIинца кхечу балха дехьаваьккхина аьлла дIахьедар дина.

Майоран дарж долу Абдурашидов Валид цIера ГIойтара ву. Иза низамхойн могIаршкахь болхбеш волу дукха а хан ю. 2009-чу шарахь цунна республикан уггар лакхара мидал а елира – Кадырован Орден. Кавказ-Узел корреспонденте бинчу хаамца, иза шен декхарш кхочушдан волавелла кху беттан 11-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG