ТIекхочийла долу линкаш

Кхаа кIирнах герргга набахтехь кхаьбначул тIаьхьа мукъабаьхна ломарчу Ножай юрт, Ведана, Гуьмсан кIошташкара кегийрхой- 20- 35 шераш долу бахархой.

Маршо Радионе масех хаамаш бахкийтина оцу лецначийн гергарчара.

Дуьххьала, церан хаамашца, верриг сацийнарг 364 стаг хилла. Царах кху беттан 11-гIа де тIекхачале дIахецнарг масса хилла хууш дац, амма дукхахберш цу дийнахь бен арахецна цахилар чIагIдо гергарчара.

Баханчу баттахь харжамаш хуьлчу муьрехь лецна дIабигна уьш хIинццалц чохь стенна кхаьбна, цаьргара даьлларг хIун ду, хIун бехк бу кхийдинарг?

Ницкъ бар мича тIегIанахь хилла, берриш мукъабаьхна я ца баьхна? Цу а кхечу хеттаршна жоьпаш дала хIуьттуш бац цIеранаш.

Амма шабаршца дийцарехь, бахьанаш маж еха-йоца хилар, мекх цахилар, цхьаннан телефонтIехь лоьмар хиллий, хIара аьлий, важа аьллий, бохуш ду.

Цу хиламо гойту аьлла хетта, набахтешкахь кегийрхошкахь гIело яллийна хилар а, цу чохь гинарг а, хезнарг а дийцар вуно чIогIа царна дихкина хилар а.

Лецначуьра марщабаьхначу тутмакхашка аттачу хьелашкахь хан яккхийтина цахилар лач делахь а, тоьшалла лара догIу, схьахетарехь, шайн кIентий цIа кхаьчначул тIаьхьа дай-наношна царна тIера мовлидаш а доьшийтуш, сагIанаш дахаро, кху карахь болчу безачу баттахь мискачарна гIоьнна кхачанан сурсаташ декъаро.

«Тхуна тхайн кIантана ницкъ бинарш муьлш бу а, уьш хьенан омрица лелла а хаьа. Цкъачунна цунах тоам ца бича довлац. Амма бекхам боцуш цхьа хIума дуьсур дац, дисна а дац.

Тахана дойшкахь берш лаьтта биссина де а догIур ду, Делан лаамца. ТIаккха гур-кх цара говраш тIемаш тIе муха хIиттайо а. Кхин сан хIумма а олийла дац».

Цу кепара, иза а йозанций бен жоп дала ца хIоьттира тхуна мукъаваьккхинчу Ножай-Юьртан кIоштерчу цхьаннан да.

Оха юха а билгалдоккху, лаьцна мел хилларг, берриш мукъабаьхна я ца баьхна билггал хууш дац.

Ишта хадам боллуш ала дац лаьцначарна юкъахь вер-ваккхарш нисделла я ца нисделла.

И цахааран бахьна цхьаъ ду, Iедалхоша бегашена а Iорадаьккхина дац оццул дукха нах леца а лецна, баттахь гергга чохьбахкабаран хьокъехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG