ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фанатийн дов ца доьрзу


Шоьтан буса Францерчу Марсель-гIалахь ингалсан, оьрсийн футболан тобанийн матч йирзинчул тIаьхьа, Оьрсийчуьрчу фанаташа цигахь айдина къепедацарш тахана а шуьйрра дуьйцуш ду зорбанехь, телевизионехь.

ДIадахначу деношкахь Францера Марселехь футбол йолаялале, Оьрсийчоьнан, Ингалсан пачхьалкхан фанаташна юккъехь дIадоладелла дов дижна ца хилла матч дIайоьдучу юкъанна а, чекхъяьллачул тIаьхьа а.

Оьрсийн фанаташ, шайн трибунаш тIехь цIерш ягош, аьрха лелла, шайн ма-хуьллу низам дохош.

Цул сов, чоьхьаволучохь ха деш болчара хьовсархоша шайца чекх мел йоккхучу хIумманна оццула тидам беш лаьтташехь, шайца петарда чекхъяккха ка даьлла церан, иза футболан майдана тIе а кхоьссина цара.

Цул тIаьхьа, ингалсхойн трибунаш тIе а бевлла, уьш сийсазбеш маьхьарий детташ, царна тIе хIуманаш кхуьйсуш, уьш юха а ир-кара хIиттон бахьанаш лелийна цара.

УЕФА-но оьрсийн хулиганийн лелар емалдеш дIахьедар дина, шаьш цу хьокъехь леррина таллам а бийр бу, и хIума цхьа кхел ца кхайкхош дуьтур а дац шаьш, аьлла.

Цу юккъехь хьехош ду оьрсийн футболхойн тобанна санкцеш кхайкхор а.

Оьрсийчуьра футболан фанатийн цхьанакхетараллин президента Шапрыгин Александра шен резавацар дIахьедина прессехь, шайн фанаташкара Францин полисхоша малар а дIадаьккхина, церан кехаташ а теллина, аьлла.

Оьрсийчохь бехке ву-вац ца хуу цхьа стаг лоцучохь герзах боьттина бIеннашкахь оьрсийн полисхой арабовлуш хилар диц а дина, неха махкахь шайна ма-луъу лелачу шайн фанатийн кехаташка хьовса, цо схьадийцарехь, араваьлла хиллачу шовзткъех полисхочунна а вац и реза.

Ерриге, бохург санна, оьрсийн пресса сийсош ю тахана и Францин полисхойн тема аййина, шайн фанатийн аьрха лелар тIехьарчу могIаре а теттина.

Цу Марселехь хиллачунна тIе, "Фигаро" газетан таханлерачу хаамашца, сийсара буса 2 сахьт даьллачу хенахь, Ницца -гIалахь Кастель-Пляж олу меттехь, Ирландера футболан хьовсархойн цхьаннан - ткъех шо долчу жимачу стеган валар хилла 7-8 метр лакхара чу а воьжна.

Иза мухачу хьелашкахь хилла толлуш полисхоша шайн болх дIаболийна.

XS
SM
MD
LG