ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францхой кийча ца хиллера Оьрсийчуьрчу фанатийн маьттаза леларна


Франци -- Оьрсийн фанаташ чохь болчу автобусана гобина Мандельюхь, мангал-бутт 14, 2016.
Франци -- Оьрсийн фанаташ чохь болчу автобусана гобина Мандельюхь, мангал-бутт 14, 2016.

Тайп-тайпанчу тобанийн фанаташ вовшахлетаршций, террорхойх кхерарций макхйелла ю Францера Европин футболан чемпионат.

Иттанаш эзарнаш полисхой, масех баттахь дуьйна схьа Европан футболан чемпионат дIахьочу муьрехь террорхоша нагахь санна тIелатар дахь, царна муха дуьхьало ян езар бохучуна юх-юха а репетицеш а еш, кечамаш бина болу, стадионашка чу-ара валар леринчу сканершца таллар, ур-аттала а программисташа лерина кхоьллина йолу керла эпп – террорхойн тIелатар хилахь нахе мича муха бовда бохург Iамош йолу – иштта ю чемпионатан кхерамазалла ларйаран атта йоцу Iалашо юхьаралаьцначу Францин Iедалша хIинцалц схьа яьхна гIулчаш. ХIетте а верриг кхеташ ву: 100 процентана кхерамзалла вайн заманахь цхьанна а Iедале цхьанна а махкахь Iалашйалур йоцийла, Францин чоьхьарчу министралло санна 90 эзар сов къепеларйархо урамашка ваккхахь а.

Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кIирандийнахь террорхочо 50 стаг вуьйш динчу тIелатар йилбаз-мохь кхин а адамашкахь кхерам а, цецдовлар а кхуллуш, кхаьчна ала мегар ду Европин чемпионат дIахьочу махка. Иштта а кху масех дийнахь цхьайолчу пачхьалкхийн футболийн тобананийн фанаташа полици шен таронийн дозане кхачийна лаьттачу. Къаьстина, Оьрсийчуьрча фанаташа. Шоьта дийнахь Британин, Оьрсийчоьнан ловзар дIадерзаран шок тохарцаний стадионан бIостанерчу трибунашкахь болчу британхойн фанатех лата чу хьелхинчу Оьрсийчуьрчу хьешаша масех сохьтана болх баьккхира меттигерчу полисхошна. Матч тергалйеш хиллачу иттанаша телекамераша схьалаьцна а ду латарийн доладалар а, иза дIадолийнарш муьлш бара а. ХIетте а цкъачунна цхьа а оьрсийн фанат лаьцна вац Францин низамлардархоша. Марселан прокуроро Робен Бриса оршотан дийнахь журналисташка леринчу брифингехь элира, схьагучу суьртаца, Оьрсийчуьра мел кIезга а 150 лерина урамашкахь латарш дан Iамийна болу волелархой хилла къепедацаршкахь дакъалоцуш, аьлла. „Шаьш фанаташ болчуха лелла волу 150 Оьрсийчуьра стаг бакъдолчохь хулиганш хилла, мIаьргонашкахь дIахьочу экскремистийн талорш дан вуно дика Iамийна болу“, - элира цо.

Ша а Соьлжа-гIаларчу Терка тобанехь буьрках ловзархо хилла волчу, ткъа карарчу хенахь Германехь вехачу вайн махкахочо Сатуев Адамс элира ша Маршо радиона цу хьокъехь еллачу комментарехь, оьрсийн фанаташ иштта маьттаза лелар цецволийла дац, цу пачхьалкхан Iедало тIаьхьарчу шерашкахь спортехь а, политикехь а гойтуш йолу амал ю цара Марселехь гайтинарг а, аьлла.

Сатуев Адам: „Оццул чIогIа Iедал чIагIдина долушшехь, оьрсийн фанаташа, шаьш даима а Iемина ма-хиллара, маьттаза хIумнаша лелийна цигахь. Спортаца ца догIуш долу хIумнаш а лелийна, леташ, нехан хIуманаш йохош, стадионана зенаш деш. Цкъачунна цхьа а таIзар царна динчух тера дац, амма кхин дIа а ловза безаш ма буй оьрсийн футболхой цигахь, цундела УЕФА цхьаьнакхетаралло и хIума иштта дуьтур ду аьлла ца хета суна. Спортаца ца догIуш хIума ду цара цигахь лелийнарг, амма цецвала хIуммаъ ца го суна, политикехь а, спортехь а шаьш лелорг ду-кх цара цигахь лелийнарг“.

Ша футболах аьлча, чемпионат йолаелла даьллачу кхаа дийнахь Европин тоьллачех йолу масех тоба ловза кхиина, къасторан ловзаршкахь. Иштта, масала, футболъезархойн уггаре а шайна тIе тидам бахийтинарг дара Германин, Украинин юккъехь хилларг, Германи дуьненан чемпион хиларна а, Украинин тоба, дагахь а доцуш, цу матчехь вуно дика ловзарна а, 2-0 чотаца иза нуьцкъалчу немцойн тобанна эшнехь а. Сатуев Адамс теллира Маршо радион дехарца хIинцалц схьа чекхдевлла ловзарш.

Сатуев Адам: „Цигахь ловзучу тобанашна юккъехь суна фавориташ хетарш - Германи, Испани, Франци ю. Англи а дика ловзур ю моьттуш вара со, амма уьш мелла а гIийла ловзуш гира суна. Вуьшта со хIинцалц схьа цецвоккхуш дика левзина ши тоба – Украинин ерг а, Хорватин ерг яра. И шиъ вуно дика левзира. Айха фаворит лоруш йолу тоьлла тобанаш дика левзича башха цец а ма ца волий хьо, амма цхьа башха шуьйра ца евзачу тобанаша хаза ловзар гайтича цецволу, ткъа и шиъ боккъал а цецвоккхуш левзира“.

Цу юкъана оршот Iуьйранна Оьрсийчуьра фанаташ дIатарбеллачу хьешийн цIеношкахь лехамаш дIабаьхьна Марселан полицино, стадионехь а, урамашкахь а къепедацарш лелийнарш лоьхуш. Оьрсийн кегирхошкара алсам корта бахон маларш дIадаьхна, амма царех цкъачунна цхьа а лаьцна вац.

Шен рогIехь, УЕФА олучу Европерчу футболан ассоциаций Цхьаьнакхетаралло дIахаийтина оьрсийн, британхойх футболан тобанашна, нагахь санна церан фанаташа кхин цкъа цу кепара талорш дахь, и ший а тоба чемпионатехь..

Шен рогIехь, УЕФА олучу Европерчу футболан ассоциаций Цхьаьнакхетаралло дIахаийтина оьрсийн, британхойх футболан тобанашна, нагахь санна церан фанаташа кхин цкъа цу кепара талорш дахь, и ший а тоба чемпионатехь кхин дIа дакъа ца лоцуьйтуш, цIахьажор ю аьлла.

XS
SM
MD
LG