ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа кхаа бусалбачу махкара нах Iамерке ханна чубуьтур бац боху


Iамерка - Нью-Гампшир, мангал-беттан 13-гIа де, 2016 шо
Iамерка - Нью-Гампшир, мангал-беттан 13-гIа де, 2016 шо

Мангал-беттан 13-чу дийнахь Iамеркерчу президентан харжамашкахь республиканхойн кандидат хила тарлучу кандидат Трамп Доналд чIагIбина шен бусалбач нах Iамерке чубитаран хьокъехь хьежам. Иштта, цо дIахьедина ОвхIанистанера а, Пакистанера а, Шемара а бусалба нах Iамерке чубитар ша доьхкур дара аьлла, шен къоман кхерамзаллина хьокъехь хиллачу къамелехь. Ша президент хилахь, цо шен президентан бакъонех пайдаоьцур бара элира. Цуьнан цу хьокъехь ишта дешнаш даладо хаамийн гIирсаша: “ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Европана а, я вайн бартхошна а дуьхьал цхьана махкарчу бахархоша терроризм лелийна хиларан тоьшаллаш делахь, цу махкашкара нах чубитар ас доьхкур дара, вай и кхерамца муха ларор дара бохучух дика кхетталц. Иммиграцин бехкам лаьттар бара вайн цу махкашкара чубогIу нах талла аьтто хиллалц. Уьш вайн махка чуоьху, ткъа вайна вай хIун деш ду ца хаьа." Цо билгалдаьккхира Флоридехь нах байинчу Омар Матинан да ОвхIанистанехь вина вара аьлла. Даханчу шарахь Сан Бернардинехь герз диттина нах байинарг Пакистанера вара, ткъа цуьнан зуда СаIудера яра. Трампа дIахаийтира и Iамеркан бартхой йолу пачхьалкхаш а цо хьалхатоьттучу иммиграцийн бехкамна юкъагIур яра, аьлла

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG