ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь нах закъалт лаьцна хиллера


Франци -- Маньанвилехь полисхо верна а, цул тIаьхьа шен накъост верна шеконехь волчу 25 шо долу Ларосси Абдаллан сурт.
Франци -- Маньанвилехь полисхо верна а, цул тIаьхьа шен накъост верна шеконехь волчу 25 шо долу Ларосси Абдаллан сурт.

ДIаяхначу буса Парижана гена йоццуш Iуьллучу Маньанвиль цIе йолчу гIалахь цхьана стага шен лулахо - полисхо урс диттина вен а вийна, цуьнан доьзал: зуда а, бер а закъалтана лаьцна, аьлла хаам бира "Лё монд" газето, полисхошкара хиллачу хаамашна тIетовжар а деш.

Оццу сарахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин белхалочо Пьер-Анри Брандера пресс-конференцехь дIахьедира оцу зуламан бахьна хIинца а девзаш дац , зуламхочуьнца зIене а девлла, цуьнца дIахьош дийцарш а ду, аьлла.

Полисхоша тIелатар динарг вийна, аьлла хаам хилира дукха хан ялале БФМ-телевизионехула. Закъалтана лаьцна зуда а елла, бер дисна - аьлла хаам хилира цул тIаьхьа хаамийн гIирсашкара. Талламан Iалашонашца тIелатар диначун а, байинчеран а цIерш цкъачунна йовзуьйтуш яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG