ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко: «Машар ца бахь, гуттар лаьттар бу тIом»


Маршо Радион корреспондента Шрек Карла, Украинан сервисо турпалхочуьнца эцначу интервьюна тIе а тевжаш язъйинчу артиклан чулацам.

Ши шо гергга Оьрсийчохь йийсархо лаьттинчу Украинан кеманхочо Савченко Надеждас, ша маьрша яьккхинчу дийнахь дуьйнна кхайкхам бо, украинхойн доза лаьцначу сепаратисташца дийцарш дIадахьар, кхидIа йолчу хенахь а, шинна а агIонан лецнарш хийцар а доьхуш.

Ткъа оцу дийцарийн тIаьхьало яц бохуш, шен дIахьедар критике дуьллучаьрга ала ду шен боху Савченкос: «Мел яккхий а, набахтехь хан яккхал…»

«Ас ши шо хан яьккхина набахтехь, боцу бехк токхуш», элира Маршо Радион Украинан сервисца хиллачу къамелехь Лаккхарчу Радин депутата Савченко Надеждас.

«Нагахь санна со харц ю, шаьш бакъду аьлла, нах тешон лууш шу делахь, хьовсийша цхьана ханна набахте кхача».

Цхьаболчу Украинан чиновникашлахь оьгIазло гIаьттина, Украинан Малхбалехь 2014-чу шарахь Охан-баттахь тIемаш буьйлабелчхьана 9300 вийначу сепаратистийн хьалханчашца дийцарш доло Савченкос ша кийча юйла хаийтинчул тIаьхьа.

ТIамехь дакъалаьцна шортта зеделларг хиларе терра, оьрсийн йийсарехь хама хиина а йолчу, дукха хан йоццуш Украинан Малхбалерчу хьоле бIаьрг тоьхна еанчу Савченко Надеждина Iаламат маьIне хета сепаратисташца бертан дийцарш дIадахьар, меттигерчу, Киевна дуьхьал герз айдинчу, амма луьйра къизаллаш ца лелийначу бахархошна амнисти кхайкхор а.

«Вайга машаран барт ца балахь, хIокху тIеман чакхе хир а яц», элира депутата, - «вайн къомана мохь хилла оцу лаьттачу тIамех, нах хIоьттина, гIелбелла, машаре сатуьйсу цара».

Кху шеран Заздоккхучу –баттахь Оьрсийчоьнан кхело 22 шо набахтехь даккха кхайкхийнера украинхочунна-кеманхочунна Савченко Надина.

Цунна бехке диллинера, Украинерачу конфликтах хаамаш гулбен оьрсийн 2 журналист вер.

Савченкос тIе ца лоцура кхело шена тIетоьтту бехк. Мелхо а 2014-чу шарахь Украинан Малхбалехь оьрсийн сепаратисташа ша йийсаре а лаьцна, Оьрсийчоьнан къайлахчу гIерано ша дозанал араяьккхинера, бохуш чIагдора.

Украинерчу тIамехь дакъалаьцначу шина оьрсийн эпсаршна дуьхьал хийцира бахначу баттахь Савченко Надя.

708 де набахтехь даьккхина Савченко Украинано турпалхо йина тIеийцира.

2014-чу шарахь Оьрсийчохь набахтехь Савченко латточу заманчохь, цо толам баьккхинера экс премьер-министран даржехь лаьттинчу Тимошенко Юлин «Батьковщина» партин декъашхо санна, ша маьрша яьллачул тIаьхьа Украинан парламентехь шен гIант дIалецира цо.

Савченкос емалбо цхьаболу политикаш-коррупционераш.

«Советан юкъараллехь а, тахана Оьрсийчохь а лелош ду, политикаш шаьш паччахьаш болуш санна лелар, изза хьал ду вайн пачхьалкхехь а, элира Маршо Радионца хиллачу къамелехь депутата, - суна лаьа, могIарера нах санна хила. Цундела со кхерстар ю мехкашкахула, ярташкахула маьршша, суо».

Iедалан куьйгаллехь болучарна резацахилар, массо агIор схьахазош делахь а, Савченкос билгалдаьккхира, ша царна тIе а тайна, Тимошенкона а, Кремлан бартхо Янукович Виктор воха а вина, цуьнан метта хаьржинчу президентна Порошенко Петрона а луьйш, къамелаш дийр дац, аьлла.

«Майданехь дIа а хIоьттина критика ян атта ду, амма тахана со суо а ю политик, цундела со кхетта, хIуммаъ аттачех болх бац хIара. Ас реза йоцуш критике йоккхур яц я Юлия Володимировна (Тимошенко), я Порошенко Петр а. Уьш емалбан бакъо сайга кхачаяле, со царел а тоьлашха хила еза».

Украинан политикехь дикачу агIор хийцамаш хилийтархьама, Савченкос кхайкхамбо хенал хьалха парламентан харжамаш дIабахьа. Янукович президентан даржах вохийчхьана, Украинан куьйгалло халкъана ша делла ваIда кхочушдечу хьолехь ца хилла.

Ша революци яккха а ца гIерта, боху Савченкос.

2004-чу шарахь эзарнаш наха ара а бевлла яьккхина цIехо-можа революци а хьахош, элира Савченкос: «Массарна а хетара, со набахтера йоггIушехь тур а лестош, адам кхолгIачу Майдане кхуьйкхуш, йогIур ю».

«ХIан-хIа, ас дийр дац и тайпаниг! Соьга адамаш сайх тешалур дац, я церан Iуналла а далур дац, иштта бен-башха а доцуш, юха а Украина, дакъош а деш, цIело керчайойла а ца лаьа суна, иза харц некъ бу».

«Оьрсий а, украинхой а цкъа а хир бац хьалха санна вежараллин юкъаметтигашкахь», элира Савченко Надяс, тидаме оьцуш Кремло чубеана тIом, ГIирмина йина аннекси.

Амма иза тешна ю, ши пачхьалкх «дика лулахой» санна ехарг хиларх, хIунда аьлча, шина къоман бахархошлахь кхоллабелла дуккха а доьзалш бу, церан кхуьуш тIаьхье а ю.

«Ишта хила тарло, аьлла хета суна! Хила тарло шиннан а пачхьалкхан президенташ хийцабелча. Велла дIа валлалц пачхьалкхан куьйгаллехь цхьаъ латта везаш ма ваций. Иза нийса а ма дац. Оьрсийчохь хийцамаш хила беза!»

Савченкос дIахьедо, Оьрсийчоьнца бартбан тIаьхь-тIаьхьа хала хирг хилар, Путин даржехь вах мел лун, цуьнан политика къиза хилар а.

Къамел дерзош элира Лаккхарчу Радин депутата Савченко Надяс: «Оьрсийчоьнан политикан хьал хийца адамаш а ду, боламаш а бу».

.

XS
SM
MD
LG