ТIекхочийла долу линкаш

Кхо бутт баьлча Оьрсийчохь хинболчу харжамашка шеконца ладоьгIурш кIезиг бац махкахь.

Гуьйренан хьалхарчу баттахь йоккха политикан кампани дIаяхьарна тIехьажийна тахана дуьйна кечамаш бан болийна Оьрсийчохь.

Кхаьжнаш тийсаран цхьа де аьлла кхайкхийначу Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь Оьрсийчохь харжа езаш ю керла Пачхьалкхан Дума а, дуккха а кIоштийн куьйгалхой а, регионашкара парламенташ а, цхьа могIа лахарчу тIегIан депутаташ а.

Цу мехалчу политикан харжам-хиламийн декъашхой хила лаам гой те могIарерчу нахалахь?

Мел кийча бу бахархой жигара кхаьжнаш а тиссина шайн кханенах бозабелла сатийсамаш дахаре берзо?

Оьрсийчохь хинболу харжамаш низамо ма хьоьхху, бакъонан хоршахь чекх ца бовла амал дац аьлла, церан жамIех теша а тешаш, бIо а булуш, тIеоьцур буй те Iедалца божуш боцчу могIарерчу вайнаха?

Царна хIун хетта гурахь Оьрсийчохь дIаяхьа лоьручу политикан кампанех?

Цу а, кхечу хеттаршна, шайн цIераш нахала ца яьхчахьана, жоьпаш дала реза хилла Соьлж - ГIалин кIоштера ши вахархо.

Хеттарш-жоьпаш ишта бу къамелан дIахIоттам.

Оьрсийчохь хиллачу а, хинболчу а харжамех дийцина гIеметта хIоьттина ши вахархо цхьа вац шайн хьажам-хетарца.

Церачух тера дог-ойла ерш вуно дукха бу. Ванах Москвахь берш бIаьрзе бу те я белла бу техьа?

Царна ца го Оьрсийчохь харжамаш дIа муха хьош бу а, уьш мел беламечу тIегIана кхаьчча а? И ерриг кийтарлонаш Кремлехь хаа а хууш лелош-м елахь хIара ма генадаьлла гIуллакх ду?

Цу могIарера хеттарш коьртах а дохуш, бахархой тахана ахкаме бийлар мацах –мацах цкъа яхана хан лара мегар ду. Баккхийчара даре а деш карарчу хенахь Оьрсийчохь цецвийла дисна хIумнаш доцу хьесап ду.

XS
SM
MD
LG