ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь керла шира даржхой


Chechnya --In Grozny autumn weather, 2016

Chechnya --In Grozny autumn weather, 2016

“Ахмат” цIе йолчу кегийрхойн юкъараллин – политикан боламан 24 шо долу куьйгалхо Хажмурадов Хаважи хIоттийна Нохчийчоьнан шахьаран мэран гIовса. И хаам кхаьчча “Кавказ узеле” шахьарарчу мэран хьукматера. Керла шахьаран хьукматаллин куьйгалхочун гIовса болхбийр бу кегийрхойн политикца хьакхлучу хаттаршца, хоуьйту мэран хьукматерчу хьостано. Хажмурадов Хаважи Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет яьккхина ву.

Республикан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллина Кхеташонан секретар болхбина хилла Усмаев ВахIид Гумс кIоштан куьйгалхо хIоттийна. Цо цу даржехь хийцина Хизриев Заур. Итт шарахь гергга ППС-2 т1еман декъан хьалханча лаьттина волчу ВахIидана Оьрсийчоьнан турпал цIе елла 2010-чу шарахь. Кадырован Ахматан орден а елла цунна.

52 шо долу Байханов Ислам хIоттийна Нохчийн республикан Конституцийн керла гIаьнтда. Цу даржах мукъаваьккхинарг Абдулханов Султан ву. Байханов Ислама Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт яьккхина. Керлачу дарже дIах1оттавале Нохчийн Республикан парламентан аппаратан куьйгалхо болх бина ву Ислам. Цуьнан жимах волу ваша – Байханов IисмаIал, карарчу хенахь Нохчийчоьнан дешаран министр ву.

XS
SM
MD
LG