ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чано шен кIорни яа дог хилча ченала хьакхийна


Нохчийчохь лаккхара даржаш мехкан куьйгалхочо шен нахалахь дIасадекъар, юха и даржашкара нах хийцар, могIархой боьлла хIума ду.

Мехкан куьйгалхочо дарже ша стаг дIахIотточу хенахь, халкъ цуьнах тешош дийцарехь, моьттар ду хьуна, стиглара седарчий лехьийна, туьранашкахь вуьйцу хи тIе хиина исс корта болу саьрмак бийна турплахо ву, и хьаькам вахийта билгалвинарг.

Цу юкъа хан йолале, селхана и санна къонах кхин цхьана а нанас аганахь техкина а вац бохуш, тоьшаллаш дина хьаькам, лакхахь ма-аллара, ченала хьакхаво.

Дахначу шарахь Гуьмсан-кIоштан куьгалле хIоттийра Кадыров Рамзана хьалха ницкъаллин урхаллехь а, Iедалан гонашкахь а болх бина Хизриев Заур.

«Яхь», «доьналла», «лаккхара хаарш», «тIехсов зеделларг» долу Ахмадов Хьасан тIедехкинчу декхаршца ларацаварна аьлла, хийцира хIетахь.

Цуьнгара гIант даьккхинчу Хизриев Заурах лаьцна а дара дийца шортта диканиг. Ца хуьлийла а дацара, цуьнан схьавалар Хоси-Юьртара хиларна.

Бахархошлахь хIумма а тамашена дацара Хизриев Заур оцу дарже хIоттор.

Цара тергалдарехь, уггар ларамечу гIенташка мехкан дас шен тайпа-тукхмах, ненахойх, стунцхойх нах бен хIиттош ца хиларца.

Мангал –беттан хьалхарчу деношкахь коммуналан ял бахархоша схьацаяларца хIиттинчу проблемашна леринчу кхеташонехь мехкан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Кадыров Рамзана цIеххьашчу шогаллица дIахьедар дира, ша Хьалха-Мартанарчу а, Гуьмсан а кIоштийн куьйгалхошна резацахилар.

Кхо-диъ де тIаьхьа, хьем ца беш, хьалха Кадыровс шен омраца Хьалха-Мартанан кIоштан куьйгалхо, дахначу шерашкахь могашалла Iалашъяран министран гIовс лаьттина, дарбан цIийнехь белхаш бина лор-мартанхо Байсаев Iумар даржах мукъаваьккхира.

Цунна тIаьххье 2014-чу шарахь дуьйнна Гуьмсан кIоштан урхаллехь лаьттина Хизриев Заур а восийра динара кху деношкахь.

Хьалха-Мартанан кIоштан куьйгалле кхачийна ГIойтIара вахархо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин мехкадаьттан 6-чу ротан командир, Кадыровн орденан совгIатхо, полицин майор Абдурашидов Валид ву.

Ткъа Гуьмс кIошт тешийна шен стагах, экономикан, юкъараллан кхерамзаллин хиллачу секретарах, подполковниках, Хоси-Юьртарчу Усмаев Вахьидах.

Хьалха шерашкахь дуьйнна Усмаев Вахьидан цIе дикка евзаш ю махкахь. 2004-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхинй декъан ППС-2, халкъалахь «Кадыровн спецназ» олучу декъан командир вара иза.

Ткъа Усмаев Вахьидал а кIезиг ца вевза махкахошна а, цул арахьа а Хизриев Заура а.

Дахначу шеран ГIуран-баттахь массо а зорбанехь шуьйрра дуьйцура, ХIинжа-ГIалахь сатосучу хенахь видеокамеро лацарехь, маса хаьхкинчу шен машенца дуьхьал йогIучу машенна тIе а тоьхна, цу чохь хилла зудий, стаггий дуьйш, некъан авари йина Гуьмсан кIоштан куьйгалхочо Хизриев Заура, бохуш.

ХIетахь могIарера нах тешна бара, и гIуллакх таIзар доцуш дуьсур хирг хиларх. Шен накъостий, агIончаш Кадыровс тIе тIам а биллина, ларбо аьлла, хеташ.

Иштта дерза а дирзира.

Нохчийчуьра маслаIатан йоккха тоба, коьртехь мехкан муфтий лаьттина Мирзоев Султан а волуш, Дагестане а бахана, беллачийн гергарчарна суждане а хIиттина, дерзийра и гIуллакх.

Цул совнаха, некъан бохамна Гуьмс-кIоштан администрацин куьйгалхо Хизриев Заур вацара бехкен, цуьнан хадархо хиллера аьлла, хосиюьртахо-хьаькам кIелхьара ваьккхира, Iедалца бозуш боцчу талламчаша а, тергамхоша а дийцарехь.

Рицкъ меллалц делахь а, Кадыровс «хIорш санна кIентий бан а бац», аьлла, кхарел а хьалхарчашна санна, зевне дифирамбаш а лоькхуш, кIедачу хьаькаман гIанта ховшийна тахана.

Оьрсийчуьрчу цхьа могIа политологашна а, тергамчашна а хетарехь Кадыров шен доьзал чIагIбархьама, шен гергарчарех юзуш ву массо а мехала Iедалан тIегIа, хетарехь шен тайп-тукхуман караерзо Iалашо ю цуьнан йоллу Нохчийчоь.

Кхин а Нохчийчуьрчу даржашкахь меттигаш хийцина деношкахь.

Конституцин кхелан куьйгалла дIакховдийна Нажин-Юьртарчу Беной-Веданара, парламентан аппаратан коьртехь хIинццалц хиллачу Байханов Исламе.

Дийцарехь, цул хьалха цу даржехь лаьттина Абдулханов Султан хан чекхъяларца, мукъаваьккхина.

Иштта кхи цхьа хаам а баьржина махкарчу зорбанехь,

Соьлж-ГIаларчу «Ахьмад» цIе йолчу кегийрхойн юкъараллан 24 шо кхаьчна хьалханча Хажмурадов Хаважи гIалин мэран гIовс хIоттийна. Цунна тIедехкина декхарш - кегийрхойн политикех доьзна хеттарш листар.

Гуттар Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша дарже юкъавалочу шен стагах ала бага юьззина диканиг хиллехь а, хаттар кхоллало, хьехархойн университето дахначу шарахь арахецна керлачу мэран когаметтахIоттийна Хажмурадов хIун дан кхиина –те оцу лакхарчу дарже кхачаван?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG