ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-с дIатосур яц Украина а, кхинболу шен бартхой а


Белги -- НАТО-н инарла-секретар Столтенберг Дженс, мангал-беттан 15-гIа де, 2016-гIа де
Белги -- НАТО-н инарла-секретар Столтенберг Дженс, мангал-беттан 15-гIа де, 2016-гIа де

НАТО-н куьйгалхочо Столтенберг Дженса Оьрсийчоьне кхайкхамбина шен тIеман ницкъаш а, тIеман гIирс а Украинера ара а баккха, малхбалерчу сепаратисташна деш долу гIо хьем ца беш саца а де, аьлла. И дIахьедар цо дина Брюсселехь дIадоьчу НАТО-н тIеман министарийн цхьаьнекхетарехь. НАТО-н алльянсо кхиндIа а Украинана накъосталла а дийр ду, Оьрсийчоьно бакъонца догIуш доцу 20I4-чу шарахь ГIирман ахгIайре дIалацар цкъа а къобал а дийр дац, аьлла тIетуьхира цо. Столтенберга оьрсийша хIинца а Украинерчу малхбалерчу сепаратисташна хьехамчаш а, гIирс а латтабо элира. Оьрсийчоьно Украинехь дIахьучу тIеман барамаша НАТО-га Украинана де гIо алсамдаккхийтина, аьлла дIахьедира цо. Столтенберг кхидIа а билгалдаьккхира Минскан барт ларбар цхьаъ бен цигара тIом сацоран некъ ца хилар. НАТО-н куьйгалхой тIебогIучу беттан 8-9-чу деношкахь цхьаьна а кхетта, кхин а кхо баттальон кхаа Балтикерчу пахчхьалкхахь а, Полшехь а дIатаръян сацам бан там бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG