ТIекхочийла долу линкаш

Лулахоче вон деача, ков ца доьллучу лулахойх, тезетах той дечу махкахойх а.

Ши адам вовшах мел кхеттачухь далхадо нохчашлахь юкъара дуьйлу гIиллакхаш, бовш лаьтта мотт, шайна бегIийла долччу агIор адамо хуьйцу ламасташ.

Хуьлийла зуда ялорехь-яхийтарехь, нуц ваийтарехь, ур-атталла, дуьненчу даьлла бер оцу цIийнера цIа далорехь а шен лулахойл а совбийла гIерташ, цхьаболчу наха юкъадоху леларш. Телхина адам, хьекъална а артделла, бохуш коьртеш лестадо къаноша.

Таханалерчу «Дахаран генаш» сайн леринчу програмехь оха дуьйцур ду Iожалла кхаьчна велла стаг верзорехь вайн наха шайг-шайгара юкъадохучу къепенех, тезетахь лелон дезачу гIиллакхашна букъ тохарх, адамийн шогаллех.

Нохчийчуьрчу кIоштийн ярташкахь цхьа мехал ламаст ду лелаш. ХIора эвлахь бахархоша шайлахь къастийна туркх ву. Иза декхаре ву, шена векалйинчу юьртахь стаг валар-висар хилахь, боллу бахархошка а, дехьа-сехьарчу эвлашка а и хаам дIакхачор, велларг дIаверзон барам вовшахтохар.

Тоххара юьртахь тезет даьлча, туркха гIаш юьртана го тосура, хIора а цIийне кхачош и ирча кхаъ, веллачун гергарчаьрга кадам бан баха некъ боккхуш, амма 2I-чу бIешеран керлачу технологеша дуккха а таронаш елла дахарехь.

Тахана стаг кхалхахь, туркхо телефонан зIенехула баржабо и хаам.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG