ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан парламенто сацам бина шен болх сацо. Иза тIеоьцуш цигахь хиллачу республикан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Кадыров Рамзана шен Инстаграммерчу агIон тIехь къобалбина и депутатийн сацам.

“Бюджетан ахча Iалашдархьамма парламенто тахана сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочунан а, парламентан а харжамаш цхьана хеннахь дIабахьа 2016-чу шеран Гезгмашин баттахь.” – аьлла яздина цо. Нохчийчоьнан парламентан рогIера харжамаш хила безаш бара 2018-чу шеран Гезгмашин-баттахь.

XS
SM
MD
LG