ТIекхочийла долу линкаш

Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна Мисаран хилла волчу президентана Мурси Мохьаммадана. Цунна бехке диллинарг ду Катаран шпион хилар. Мурсица цхьана кхеле озийна хиллачу кхин 6 стагана вен кхел кхайкхийна суьдо. Царна юкъахь ву «Ал-Джазира" телекомпанин ши журналист а. Царшинна кхел йина дуьхьал а воцуш.

Кхело бехке лерина Мурси бакъонца йоцучу цхьаьнакхетараллана куьйгалла дарна а, къайлах долу документаш лечкъорна а. Цуьнца цхьаьна Мурсис шен куьйга и документаш Катарана дIаделла хиларан тоьшаллаш цакарийна.

Мисаран зорбанан гIирсаш дийцарехь, цу нехан бакъо ю лаккхарчу инстанце латкъам бан. Цхьана шарахь президент лаьттинчул тIаьхьа даржах вохийра Мурси 2013-чу шарахь тIеман карчам а хилла. 2015-чу шарахь суьдо цунна вен кхел йира.

XS
SM
MD
LG