ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламентан дупутат Кокс Джо йийна зуламхо жоьпе озийна Британехь


Британи -- Лондон. Парламентан хьалха. Кокс дагалоцуш.., Манг.16, 2016
Британи -- Лондон. Парламентан хьалха. Кокс дагалоцуш.., Манг.16, 2016

Шоьтан дийнахь кхелан хьалха хIоьттина Британин парламентан депутат Джо Кокс (Cox Jo) йийна волу зуламхо Мейр Томас. Суьдхочуьнан хаттарна жоп луш шен цIе «Ямартлошна Iожалла, Британина маршо» ю элира цо. Ерриг а кхелан кхеташо яхйелира 15 минотехь. Цу хеначохь кхин цхьа а дош цаолуш дуьхьал велира зуламхо.

Мейрна бехке диллина леррина адам дер а, бакъо йоцуш герз лелор а. Еарин дийнахь Берстолл цIе йолчу гIалин цхьана урамехь харжамхошца цхьаьнакхета кечйелла хилла 41 шо долу Кокс Джо, цигахь Мейр гучуволуш. Цу стага, масийттоза тапча тоьхна йожа а йина, урс диттина йийна депутат.

Цу зуламо эргIад яхийтина ю Британи. Оршот дийнахь Британин парламенто Кокс Джо дагалоцуш дIахьур ю леррина сесси. Лейбористийн партийн цIарах Кокс юкъараллин чоьнан депутата яра Британин парламентехь. Иза дуьхьал яра Британи Евробертана юкъараяларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG